«Наркотикашна – хIан-хIа!»

Соьлжа-ГIалахь дIаяьхьира наркоманина а, бакъо йоцуш наркотикаш лелорна а дуьхьал къийсам дIабахьаран дуьненаюкъарчу денна лерина акци.

Иза дIаяьхьира Нохчийн Республикин наркологин диспансера Соьлжа-ГIалин мэрин а, республикин МогашаллаIалашъяран министерствон СПИД-ца къийсам латторан а, профилактика яран а республикин туьшаца а, Чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон наркоконтролан урхаллица а, оццу министерствехь йолчу Юкъараллин советаца а цхьаьна.

Акцин гурашкахь Чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон белхахоша а, лоьраша-наркологаша а ловзаран кепехь хаттарш дира акцин дакъалацархошка.

Масала, наркотикех возуш хилар хIун ду? Психоактивни молханаш лелийча хIун зен хуьлу? Наркотикаш лелорна деш долу таIзар, жоьпалла муха ду? Наркотикаш лелорна, уьш йохкарна, Iалашъярна тухуш гIуда ду я дац?

Нийса жоьпаш деллачарна совгIаташ дора.

1987-чу шарахь ООН-н Генеральни Ассамблейн сацамца хIора шеран асаран (июнь) беттан 26-гIа дийнахь билгалдоккхуш ду Наркоманина а, бакъо йоцуш наркотикаш лелорна а дуьхьал къийсам дIабахьаран дуьненаюкъара де.

Материал кечйинарг – З.ХИЗИРОВА
№50, мангалан (июль) беттан 5 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: