Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министерствехь уьнан цамгаршна а, цаьрца къийсам латтош болчу лоьраша бахархошна ечу вакцинацех лаьцна а дуьйцучу вебинарехь дакъалецира лоьраша-инфекционисташа а, терапевташа а, фтизиаторша а, юкъарчу практикин лоьраша а.

Вебинарехь Россин могашаллаIалашъяран министерствон И.М.Сеченовн цIарахчу Москван пачхьалкхан медицинин университетан штатехь воцчу говзанчас, эпидемиолога, эпидемиологин а, чIагIояран а медицинин кафедрин заведующис Н.Брикос лекци йийшира.
Уьнан цамгарш яржар хийцалуш хуьлу. Масала, 2018-чу шарахь 34 миллион стагах хьакхаелла уьнан цамгар.
ТIаьхьарчу хенахь, профессора Брико Николай Ивановича билгалдаккхарехь, алсамдаьлла корь, коклюш, дифтери уьнан цамгарш яржар. Россехь хилла ца Iаш, дуьненан дукхахйолчу пачхьалкхашкахь а ду и хьал.
Шен къамелехь профессора довзийтира хьал дикачу агIор хийцархьама дича дика хиндерш.
Уггаре а хьалха, берашна вакцинаци ян еза, мехий а тухуш, иштта, бахархошца кхетош-кхиоран болх дIабахьа а беза, цул сов, вакцинаци баккхийчу нахана юкъахь дIаяхьар а тидамаза дисийта а ца деза.
Вакцинин дикалла, эвсаралла лакхайоккхуш бюджетера йоцург кхин а харжаш ян некъаш лаха а деза.
№50, мангалан (июль) беттан 5 де, 2019 шо