Эльмурзаев Борза / Боксан мастер

Эльмурзаев Борза кхиболчу нохчашца цхьаьна Казахстанерчу Кзыл-Орда гIала кхаьчча хьалхарчу классан дешархо вара. Амма кIентан дешар дита дийзира, баккхийчарна кхуьнгара гIо оьшура. Цхьайтта шо долчу хенахь, юха а хьалхарчу классе деша вахара иза.

Школехь тайп-тайпанчу спортан кепашкахь секцеш схьайиллира. Боксехула волчу тренерна Т.Ревена тIевахара кIант. Борзе а хьаьжна, ткъа иза доккха дегI долуш, онда кIант вара, тренер резахилира иза Iамо. Цу дийнахь дуьйна Б.Эльмурзаев спортан зале тренировкашка лийлира.

Ревес кхуьнца цхьаьнца болх бора. ТIелатаран а, ша ларваран а техника а Iамош, говзалла лакхайоккхуш. ХIора кIиранах хуьлучу школин спортан мероприятеша дукха хан йойура Борзин. ХIора чийрикехь дIахьора къийсадаларш а, доттагIаллин цхьаьнакхетарш а. Дешархойн говзалла лакхаяккхарна гIо дора оцу гIуллакхо.

1953-чу шарахь Б.Эльмурзаевс шен дуьххьарлера мехала толам баьккхира Кзыл-Ордан областан туьшахь дIадаьхьначу къийсадаларшкахь. ХIетахь цхьанна а толаме догдохийла ца йитира Борзас. Хьалхара меттиг яккхарна Сийлаллин грамота а, значок а елира. …

Ринга тIехь леташ дIабаьхьна ца Iара къовсам. Дахарехь цул даккхий зераш тIехIиттира Борзина. ТIехIиттина халонаш ца лайна хеназа кхелхира кхуьнан да. Кхунах тешна бисира доьзал, хIара цхьаъ бен гIортор а йоцуш. Дешар юкъахдисира. Мачаш ечу фабрике гIоьналлин белхахочун балха хIоьттира. Амма бокс ца йитира цо. Шен дуьххьара хилла тренер волчу воьдура иза.

Дукха хан ялале, кхин а цхьана бохамо догIовжийра Борзин. Фабрикин куьйгалло бамба лахьо вахийтинчохь (лахьанан (ноябрь) баттахь) шина коган пIелгаш гIорийра цуьнан. Лоьрийн уьш дIадаха дийзира. Цул тIаьхьа цхьанна а ца моьттура иза боксе юхавогIур ву.

1954-чу шеран гIуран (декабрь) баттахь юха а тренировкаш дIайолайо цо. Къийсадаларшкахь керла толамаш баха а волало.

1955-чу шарахь Кзыл-Ордахь областерчу баккхийчарна юкъахь боксехула къийсадаларш дIадаьхьира. Цамгар бахьана долуш, кхаа баттахь юкъахвала дезнера Борзин. ХIетте а кхиамца чекхвелира хьалхарчу латарехь. Амма тIаьххьарлерчу къовсамехь, жимма баллаш тIе а ца тоьъна, ийшира.

Областан рогIерчу къийсадаларшкахь финалехь шен тренерца лата дийзира цуьнан. Цунна тIехь толам а баьккхина, Алма-Атахь дIахьур йолчу Казахстанан I-чу спартакиаде путевка яьккхира цо. Цигахь Казахстанан тоьллачу спортсменаша къовсуш яра СССР-н халкъийн спартакиадехь дакъалацаран бакъо.

Б.Эльмурзаевна оцу къийсдаларшкахь бевзира дуккха а вайн махкахой. Масала: У.Ахтаев, С.Зубайраев, В.Эсамбаев, Э.Ульбиев, и.дI. кх. Къийсадаларийн суьдхо вара Д.Альтемиров.

Дерриге а къийсадаларшкахь толам баьккхина, Казахстанан чемпион хилира Б.Эльмурзаев. …

Нохчийн халкъана Даймахка цIадерза бакъо елча, ЭльмурзаевгIар шайн дай баьхначу Шелан кIоштарчу Эвтара схьабаьхкира. Оццу шарахь Соьлжа-ГIалахь дIаяьхьначу Нохч-ГIалгIайн чемпионатехь дакъалоцу Б.Эльмурзаевс.

Шен йозаллин категорехь (57 кг) латарехь цуьнга кхочуш цхьа а вацара. Цигахь толам баьккхича, республикин Спорткомитетан председатела А.Еськовс ша волчу кхайкхира иза. Цо Шелан кIоштан спортан комитетана куьйгалхочун болх кховдийра кхуьнга.

1959-гIа шо кхаччалц бира цо иза. Боксехула къийсдаларш дIадахьарна новкъарло ца йора цунна оцу балхо.

Иштта, 1958-чу шарахь Ленинан цIарахчу культурин цIийнехь дIахьош НГIАССР-н халкъийн спартакиада яра. Финальни къовсамехь рингехь вара В.Моребис (вевзаш волу тренер, вайн республикин дуьненаюкъарчу тIегIанан боксераш кхиийнарг) а, Б.Эльмурзаев а.

Цхьанна а эша ца лууш, дукха чIогIа дIабоьдуш бара къийсам. Суьдхоша дехха дийцарш динчул тIаьхьа, НГIАССР-н халкъийн спартакиадин чемпионан цIе В.Моребисна елира.

РСФСР-н халкъийн II-чу спартакиадехь кхоалгIа меттиг яьккхира Борзас, Россин «Спартака»-н ЦС-н хьалхеяккхарехь а 3-гIа меттиг яьккхира.

Вай хIинцца хьахийначу къийсадаларшкахь Б.Эльмурзаевс толамаш бехира бевзаш болчу СССР-н спортан мастершна, масала, Кемероверчу Новиковна, Ивановерчу Алферовна, и.дI. кх. тIехь.

Латаран хьалхара миноташ чIогIа хала яьхкира Б.Эльмурзаевна. Хьалхарчу раундехь нокдаунехь хилира хIара. Цул тIаьхьа цунна шегахь ницкъ карийра латар шен толамца дерзон.

Ша эшначул тIаьхьа, кхуьнан «довхо» и дукха халонга а даьлла, воьлхуш хиллера. Ахфиналехь XVI-чу Мельбурнан олимпиадин совгIатхо А.Лопетко вара Б.Эльмурзаевца леташ. Толам хьалхарчо баьккхира. Оцу къийсадаларшкахь Б.Эльмурзаевс СССР-н спортан мастеран норма кхочушйира. …

«Красный молот» заводехь кепатохархочун болх беш а волуш, юккъера дешар чекх а даьккхина, Эна-Хишкарчу юьртан бахаман техникуме деша вахара Б.Эльмурзаев. Доьшуш а волуш, цо кхиайо юьртан юкъараллин вовшахтоьхна боксерийн команда.

50–60-чуй шерашкахь Эльмурзаев Борза НГIАССР-н чемпион хуьлу. Техникумехь дешна ваьллачул тIаьхьа, цо болх бо «Автуринский» совхозехь агроном волуш.

1971-чу шарахь иза деша воьду Буру-ГIаларчу юьртабахаман институте. Агрономан говзалла караерзайо цо.

Л.ДАУТОВА
№50, мангалан (июль) беттан 5 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: