Советийн заманахь хьалакхиъначу адамашна мелла тамашийна а хеташ, зовкхе хан ю вай тахана дехарг. Массаьргахь, цкъа а ца хиллачу кепара паргIато ю дин лело а, мах лело а, даго къобалйина корматалла караерзо а.

Тхан жималлехь масех артист бен вацара цIеначу нохчийн маттахь илли олуш, сцени тIехь йиш локхуш, мехкарий кхин а кIезиг бара.
Бакъду, уьш баккъал а похIме адамаш дара. Церан цIерш массарна дагахь хаьара, уьш массарна дукхабезара. Вайнахехь товш йоцу кIайдарг ца хаалора цкъа а, цхьанна а цаьргахь. Царах дукхахберш нохчийн къоман дозалла хилла чекхбевлира шайн атта доцучу дахарехь. Цундела, церан сийлахь цIерш тIейогIучу массо а ханна яха йисина халкъан иэсехь.
Тахана-м Iаламат дукха бу иллиалархой. Дукхахберш, цхьатера бу уьш, атта дац церан цIерш а, юьхь-сибат а дагахь латто. Лерса хьоьсту, ладогIархойн синкIоргене кхийда иллеш а дукха дац.
Делахь а, и тайпа иллеш данне дац аьлча нийса хир дацара. ГIамарлахь лепа жовхIарш санна, масех артист ву нохчийн къоман эстрадехь шайн сирлачу похIмица вайн махкахойн дегнашна хьаам беш, лерса хьоьстуш.
Царах цхьаъ ву Нохчийн Республикин пачхьалкхан филармонин солист, Нохчийн Республикин халкъан артист Джамалдинов Ислам. Цуьнан зевнечу озах а, сирлачу кхоллараллех а хир ду вайн таханлера къамел.
Хьалха-Мартан кIоштана юкъайогIучу Олхазар-КIотарарчу дечиг пхьеран Джамалдинов Адаман доьзалехь, 1981-чу шеран товбецан (сентабрь) беттан 8-чу дийнахь дуьнен чу ваьлла Ислам. Юьхьанца шен нийсархойчух къаьсташ яцара цуьнан бералла. Цхьанна а дагахь а дацара кIантах артист хир ву бохург.
Шайн урамерчу берашца буьрканах ловзар, аьхка, де делкъене даьлча, лийча вахар, Iа тIедеача салаз, воккха хила воьлча канкеш хахкар дара муьлххачу а юьртарчу берийн самукъадалар. ХIинца санна телевизорш, телефонаш, интернет-м муххале а яцара. Долчух тоам беш, хене довлура бераш.
1987-чу шарахь юьртарчу №1 йолчу юккъерчу школе деша вахара Ислам. Хьехархочо классехь дуьйцучуьнга ладогIарал а чIогIа дезара кIантана лаьнгах ловзар. Иштта ловзар а дара советийн заманахь берашна марзделла. Амма и бехке доцу берийн ловзарш дахлур долуш ца хиллера. Кхайкхаза беанчу буьрсачу тIамо хьаьшира Исламан а, цуьнан нийсархойн а бералла.
Цуьнан кхойтта шо дара 1994-чу шеран гурахь Нохчийчохь хьалхара тIом болалуш. Оцу хенахь ялх бер дара Джамалдинов Адаман а, цуьнан хIусамненан Розин а доьзалехь, Ислам шолгIаниг а волуш.
Хьаналчу къинхьегамца доьзална напха латточу Адаман а, Розин а аьтто ца хилира, берийн и сур эцна, цхьанхьа а баха. Уьш Олхазар-КIотарахь бисира федеральни авиацино а, артиллерино а деш долу къиза тохарш ловш.
КIант цIеххьана воккха хилира, къонахчун амале воьрзуш. ХIан-хIа. Иза данне а дацара цуьнан даг тIе кхерам тасар.
Буьрсачу тIамах хьекъалехь волу муьлхха а стаг озалур ву. ТIех майралла сонталла лерина вайн дайша. Исламан ойла Далла тIейирзира. ТIамо чIагIвира кIант дерриге а Делера хиларх йолчу ойланехь.
Бераллехь дуьйна Исламана чIогIа самукъадолура зуькарех. Дукха жимачохь дуьйна, шен устаз Илсхан-Юьртара Кишин Кунта-Хьаьжа лаьцна волу кIант, 6-чу классехь доьшуш волуш, зуькар дечу шайн юьртарчу тобанах дIакхийтира.
Къаьсттина хазахетара цунна вирдан вежарша назма олуш. Исламан дог дуткъадеш, цуьнан синкIоргене кхочуш яра «Ма ага хиллера» назма.
ХIора дош шен къоначу даг чухула чекхдоккхуш, экаме синхаамаш ца кхоош, тIаьхьара аййора кIанта, цхьамма назма ала йолийча.
Ва Хьаьжи, ма ага хиллера хьан нанас техкийнарг,
Вайн Деле Iаламна беркате хилийтар хьо доьхуш,
Делан Элчанан умматна беркате хилийтар хьо доьхуш,
Ва Хьаьжи, ма эшар хиллера цу Деле цо йиттинарг.
Аганан гIожан тIехь набарна тар туьйсуш,
Ва Хьаьжи, ма эрна ца хилла цо яйъина буьйсанаш.
Элчанан йоIаца гергарло хиларна, ва Хьаьжи,
Ма совгIат хиллера вай Дала цунна деллариг…
Исламан сих чекхдолура назмин хIора дош, цуьнан иэсехь массо а ханна даха дуьсура уьш, къона ойла цIанъеш, кхетам серлабоккхуш, ийманехь чIагIвеш. Цуьнан зевне аз а, къоначу озан таронаш а хааеллачу вирдан вежарша, дукха хан ялале, кIанте назма алар дийхира.
Юьхьанца Ислам ийзалора баккхийчарна хьалхара назма дIаала. Амма цара виттане ца витича, дIаэлира. Дукха назманаш дагахь хаьа Исламана, делахь а, дуьххьара цо дIааьлларг «Нана» цIе йолу назма ю.
И сийна стигланаш ехкина волу,
Стигланаш хIаваэхь совцийна волу,
Стигланах серлонаш гучуйохуш волу,
И хьайн Дела вицви ахь, хуур ду хьуна.
Даздина латтанаш кхоьллина волу,
Латтанаш тIехь хIордаш совцийна волу,
Латтанах рицкъанаш хьуна схьалуш волу,
И хьайн Дела вицви ахь, хуур ду хьуна…
Назма алар мелла а паргIат дIадоладора Джамалдиновс. Амма дега, нене хила беза ларам буьйцучу тIекхаьчча, гIеххьа аз дегон долалора жимачу стеган, цундела, ладогIархойн синкIоргене дIакхочура иза, дега, нене болу безам чIагIбеш.
Да-нана делхадеш, нахалахь воьлуш,
Хьайн нана харц йина, цIийннана бакъйина,
Хьайн нана елхаеш, цIийннана елаеш,
Дакъаза вели хьо, хуур ду хьуна.
Шен накха баабеш, кIелхьара мотт ва хуьйцуш,
Аганан гIевлингахь, хьо гIийла техкийна,
Аганан гIевлингахь набарна сатийсина,
И хьайн нана елхи ахь, хуур ду хьуна…
Буьрсачу тIеман денош
Джамалдинов Ислам Олхазар-КIотарарчу №1 йолчу школин 7-чу классан дешархо вара Нохчийчохь хьалхара тIом болалуш. Федеральни эскарша авиатохарш дан долийча, юьртахь тезеташ хIиттар совделира. Герзо ца къаставора жима-воккха, стаг-зуда. Къаьсттина дагна дазлора берех бохам хьакхабелча.

Къизачу тIамо эгийна дукхахболу шен юьртахой, жима велахь а, бевзаш бара Исламана. Царех цхьаберш кIентан гергара бара, кхиберш лулара бара, вуьш – аьрхачу бераллин йистйоцу некъаш цхьаьна гездина накъостий, нийсархой бара. Царах хIораннах дог лозура кIентан, церан деэшначохь гIо-накъосталла дойла цахиларо, хаддаза, легашкахь къаьхьачу хораман шад латтабора.
Делахь а, цхьанна а шен дагахь дерг ца тосадолуьйтуш, юьртарчу къаношца цхьаьна уьш дIаберзош, тIаьххьарчу новкъа бохуш дакъалаьцна ву Ислам.
Веза-Воккхачу Делан дуьхьа ша арабаьккхина некъ цIеначу даггара лелийна ву. Цундела дукхавеза иза шайн юьртахь а, луларчу ярташкахь а.
Ларамаза а Ислам хьахавеллачохь, иза вевза-везачара довха дешнаш ца кхоадо жимачу стеган башха амал юьйцуш.
1997-чу шеран бIаьстенан юьххехь велира Ислам юккъера школа чекхъяьккхина. Хьалхара тIом дIабирзина ларалуш бара. Амма мискачу адамийн дахар синтеме дацара.
Оцу хьолехь Исламан дена ца лиира шен кIентий юьртара дIасабовлийта. Шена улле а баьхна, цо дечиг-пхьола дан Iамийра царна. ТIом дIабаьлла, дагахь доцу зенаш хиллачу меттигехь даима а оьшуш хуьлу гIант, маьнга, диван.
Дечиг пхьеран говзалла йолуш вара Исламан да. Хьаналчу къинхьегамца даима рицкъ даккхало оцу балхаца. Цундела шен кIенташна марзйира Адама и корматалла. Кегабелла беанчу муьрехь и болх беш вара Ислам а.
Дийнахь деца пхьалгIехь къахьоьгуш воллура иза, ткъа суьйранна, дукха хьолахь, юьртарчу зуькаршкахь хуьлура. ХIора суьйранна бохург санна, шайн доIанашкахь Нохчийчоь Деле йоьхура.
1999-чу шеран гурахь шен луьрачу къизаллица схьакхечира Нохчийчу шолгIа тIом. Дарделлачу жIаьлех тарбелла хьийзара федеральни эскаран цхьаболу векалш. Кест-кеста юьрта лелхара уьш, бахархошна дуьне а, эхарт а дицдеш, «зачистка» еш ду шаьш бохуш.
«Зачистка» йина шаьш дIадоьлхуш, дукха хьолахь, бехк-гунахь доцу юьртара иттех кIант дIавуьгура цара, шийлачу маьхьарца тIебетталучохь наной а, йижарий а буьтуш. Царах цхьаберш, верасаша мах луш, схьабохуш бара. Ткъа бисинчеран эрчадаьхна декъий, масех де даьлча, яртийн йистошца схьакарош дара. И инзаре хьал лайна, бIаьргашна гина, сица литтина, цIийца лезна ву Ислам. ХIинца а цуьнан дагца бехаш бу и лазам.
Делахь а, Делан къинхетамца, оцу эрчонийн ницкъ ца кхечира жимачу стеган амал кагъян, цуьнан экаме са акхадаккха, иза адамаллех хадо. Цунна хаьара мел еха буьйса цкъа мацца а чекхйолий, чордачу дахаро Iовжийна адамийн дегнаш Iуьйренан малхо хьостий.
Юьртана тIеерзийна, хаддаза болх беш федеральни артиллери яра, дийнахьбуса урамашкахула хоьхкуш федеральни эскарийн бронетехника яра, маьршачу бахархойн сапаргIатдала ца дуьтуш. Нохчийн дукхахйолчу ярташкахь санна, Олхазар-КIотарахь жимма а синтеме еанчу буьйсанна Исламан сатедора нохчийн иллеша. Цаьрга батарейшца йолчу магнитофонца ладугIура цо.
Бераллехь дуьйна цунна чIогIа хазахетара Дагаев Валидан а, Буркаев Мовладан а, Магомедов Султанан а, Усманов Iимранан а иллеш. Ша илли ала-м хIара цкъа а хIоьттина вацара. Амма цхьана суьйранна, дас схьаийцира, цкъа мацах къоналлехь ша лелийна дечиг-пондар.
Исламе а, цуьнан воккхахволчу вешига тIаьхьара алар доьхуш, куьйган пIелг пондаран мерзах тесна, Рашидов Шаидан дешнаш тIехь РСФСР-н халкъан артиста Дагаев Валида мукъам баьккхина «Даймохк, ахь суна ницкъ лолахь…» илли дIадолийра Адама.
Воккхахволчу кIанта дена тIаьхьара элира илли. Ислам, дена хьалха бегIийла ца хеташ, мелла а соцунгIа хилира. Шега юха а дехча – дIаэлира илли.
Даймохк, ахь суна ницкъ лолахь:
Оьздалла, стогалла йийца,
Къонахий, турпалхой бийца,
Цаьрцанна ирсе гIулч тийса
– Даймохк, ахь суна ницкъ лолахь!
Даймохк, ахь суна ницкъ лолахь:
Массеран дегнашка кхача,
Харц эшо, нийса некъ лаца,
Халкъана, махкана ваца
– Даймохк, ахь суна ницкъ лолахь!..
ТIамо йийсаре лаьцначу Олхазар-КIотарахь ламасте дирзира иштта ДжамалдиновгIеран кхерчахь буьйсанаш «яцъяр» (Эскаре ваххалц, Джамалдинов Адам Хьалха-МартантIерчу культурин цIийнан жигархо хилла ву).
ТIаьхьа дехьа-сехьарчу ярташкара а леррина хьеший гуллора суьйренашца ДжамалдиновгIаьрга, иллешка ладогIа.
Бакъду дIадолийнарг Адам хиллехь а, тIаьхьа хьешийн самукъадаккхаран гIуллакх Исламана шена дисира, ден лаам кхочуш ца бича цаваларна. Иштта, тIекхечира 2003-гIа шо.
Джамалдинов Ислам 22 шаре вирзина жима стаг вара. ТIеман кхийсарш а мелла нилхаевллера. Цундела шена балха ваха меттиг лохуш вара иза. Амма белхан меттигийн къелла хилла даима а Нохчийчохь. Яцара уьш тIеман къахь дIаайаялаза йолчу Нохчийчохь а.
Къаьсттина хала дара цхьана тайпана говзалла, корматалла йоцчунна. ТIеман хьелашкахь хьалакхиъна Ислам цхьа а корматалла йолуш вацара.
Баьрга сара кхетча санна, сакарзахдаьлла хьийзачу кIантах къахетта, дас элира: «Хьалха-МартантIерчу культурин цIийнехь хIунда ца хьожу хьо? Цара балха дIаэца там бара хьо».
Йоккхачу сцени тIе боьдучу новкъахь
Хьалха-Мартан кIоштан культурин цIийне ша балха дIаоьцур ву бохург-м Исламан даго аьттехьа а ца дуьтура. Сцени тIехь илли ала цара ша Iамийча тоам беш вара жима къонах. Оцу лаамца кхечира иза Хьалха-МартантIерчу культурин кхерча а.
Кхуьнга ладоьгIначу говзанчаша элира: «Схьагайтал тIаккха, хьайна хуург». Дечиг-пондар схьаэцна, цо дIаэлира Рашидов Шаидан дешнаш тIехь Магомедов Султана ша мукъам баьккхина дIаолуш хилла «Ломахь гира суна и» илли.
Ломахь кхиъна зезаг дайна,
Сан дог аьрха тохаделла,
Безам бахна юьхь-бос байна,
Кхин цагарна кхеравелла.
Хьоме зезаг, ала соьга,
Хьо кхин мичахь гур ду суна?
Цхьа дош аьлла, хьаьжна хьоьга,
Дагара дийца со лууш ву…
«Хьо оха Iамо оьшуш вац, – элира цара. – Хьо Iемина ваьлла иллиалархо ву. Кхана хьайн балха аравала».
Иштта дIаболабелира тахана Нохчийн Республикин халкъан артист волчу Джамалдинов Исламан къинхьегаман некъ. Балха дIахIоьттинчу хьалхарчу деношкахь дуьйна, Хьалха-Мартан кIоштахь хуьлучу мероприятешкахь, даздаршкахь дакъалоцуш хуьлура иза. Къаьсттина хазахетарца олура цо Сатуев Хьусайнан дешнаш тIехь Магомедов Султана ша мукъам баьккхина дIаолуш хилла иллеш.

Ислама дийцарехь, Султанан кхолларалло боккха тIеIаткъам бина цунна сцени тIехь дуьххьара гIулчаш йохучу муьрехь. Ислама хIайкал санна, ларъеш, шен иэсехь кхобуш ю Дагаев Валидан, Магомедов Султанан, Дидигов Билухьаьжин, Усманов Iимранан сийлахь цIерш. Тахана а царах Iемаш схьавогIуш а ву иза.
Хьалха-МартантIерчу кIоштан культурин цIийнехь беха ца бира цо болх. Исбаьхьаллин самодеятельностан гураш шена мелла а готта хийтира цунна, шина-кхаа баттахь болх бинчул тIаьхьа. Цундела веара иза Соьлжа-ГIала, Нохчийн пачхьалкхан филармоне, балха хIотта йолчу ойланца.
Нохчийн Республикин халкъан артиста Абдулкаримов Илеса, хьалха вевзаш ца хиллехь а, дика тIеийцира иза.
Цуьнга ла а доьгIна, ша куьйгалла деш хиллачу «Илли» ансамбле балха ийцира. И.Джамалдиновна Нохчийн Республикин пачхьалкхан филармонехь ша болх беш хилар Делера деза совгIат хетара.
«Илли» ансамблан божарийн вокальни тобанца хIара болх беш волу масех де а далале, репетицин зал чу веара, хIетахь Нохчийн Республикин пачхьалкхан филармонин исбаьхьаллин куьйгалхочун даржехь болх беш вара (Дала гечдойла цунна) Усманов Iимран.
Салам делла, Iимран вистхилла ваьллачул тIаьхьа, Абдулкаримов Илеса элира: «Хьажахь Iимран, ма хаза аз долуш, дика кIант балха схьаэцна ас!».
– ХIун дан хаьа кхунна? – хаьттира Iимрана.
Цуьнга цо дийцира кIентан «корматаллах» лаьцна. Юха, цуьнга дийхира, сцени тIе хьалавалий, цхьа илли дIаалар. Амма Усманов Iимранна хьалха воьхна лаьтта Ислам меттах ца валалора, дахьийча санна, куьгаш дечиг-пондар тIе ца дахьалора, багара Iаь-м, муххале а, ца йолура.
Кхуьнан воьхналаттар дахдала доьлча, Усманов Iимрана жима стаг човхон кеп хIоттийра: «Хьо мотт сецна вацахь, дIаалахь цхьа илли, муьлхха алий а».
ТIаккха ша балхара дIаваккхарна кхеравеллачу Исламе, мичара ели ца хууш, майралла йоьссира, цо илли дIаэлира. …
Цуьнга леррина ладоьгIна, Iимрана элира: «ДIавала, Илес, тобанна юкъахь вуьту кIант вац хIара!».
Iимранан дагахь долчух а, цо аьллачух а ца кхеттачу Илеса хаьттира: «ТIаккха хIун де ас, Iимран, балхара дIаваккхий ас?».
– Ой! Ма ваккха дера! Вай кхунах солист вийр ву!
Иштта, 2003-чу шарахь Нохчийн Республикин пачхьалкхан филармонин солист хилира Исламах. Репертуар вовшахтухуш а, Усманов Iимрана гIо дира шена бохуш дуьйцу вайн турпалхочо.
Цо, оцу даржехь волуш, дуьххьара дIааьлларг дара Дагалаева Маликин дешнаш тIехь Анасов Iумара мукъам баьккхина «Къастар» илли. Цуьнца вевзира Джамалдинов Ислам махкана.
Хьо-м йиси суна
– дIо малхал геннахь,
Дуткъадели вайн доккха
И гергарло дезар.
Ца езна-м дацара
дуьненал суна.
Кхоийна-м дацара
Сайн дахар хьуна.
Ца ваьлла веха со
Хьох ваьлла генахь,
Доьхна дог ца туьйш,
со БIарзвелла лела!
Сан дахар нур даьгна
Седанах терра,
Хьан ойла ян воьлча,
Хетало эрна…
2003–2005-чуй шерашкахь кест-кеста телеэфирехь хезаш дара И. Джамалдиновс дIаолу и илли. Суна хетарехь, наггахь а стаг хир вац и илли ца девзаш.
Шен вешин Алиханан дешнаш тIехь даьккхира Ислама шен репертуарера шолгIа илли. Цуьнан цIе «Нана» яра. КIентан ховха безам, массо а беран ненаца йолу уьйр-марзо ю «Нана» иллийца ерг.
Дог Iовжош тIебеъча бала,
ГIайгIанан кирхьано хьулдеш,
Мерза дош ала дог оьцуш,
Вайна ма оьшийла нана.
Iожаллин къизачу гуро,
Лазамца йожийна метта,
Куьг хьакха, дагна деш дарба
Вайна ма оьшийла нана…
Филармонехь болх бечу хенахь Нохчийн Республикин халкъан артиста Дидигов Билухьаьжас дIаолуш хилла цхьадолу иллеш шен репертуаре схьаийцира Ислама. Уьш цуьнан чIогIа дика нислора. Иза данне а дац вайн турпалхочо уьш дIаолучу хенахь, Билухьаьжех тарвала гIерташ къахьоьгура бохург.
Шен башхалла йолу иллин хазалла ладогIархошка дIакхачо шен хатI а, керла хIо деттало гечо а карийнера И.Джамалдиновна.
Царах цхьаъ дара нохчийн поэтан Яралиев Юсупан дешнаш тIехь Дидигов Билухьаьжас ша мукъам баьккхина дIаолуш хилла «Со хьох хIунда тийшира?» илли.
Ас сайн ойла, Iехаелла,
Хьан эшарех тешийнехь,
Бехк ма билла: Ойла тилла
Хилла хьуна со хIетахь.
Дохковаьлла, Еза аьлла,
Хьоьга дог сайн далхорна.
И хьан хIилла гуш ца хилла,
Безамо дог дахорна…
Кхиамийн ирхенашка
Масех шо далале, махкахь а, цул арахьа а вевзаш артист хилира Джамалдинов Исламах. Денна шорлуш схьайогIура цуьнан репертуар. Соьлжа-ГIалахь кест-кеста хуьлучу концерташка леррина вайн турпалхочун иллешка ладогIа богIурш кIезиг бацара.
Соьлжа-ГIалахь шен иллешца ладогIархойн самукъадаьккхина Iаш вацара Ислам. Хетарехь, Нохчийн Республикехь цхьа а юрт яц иза кхачаза. ПохIма, шатайпа аз долчу иллиалархочух самукъадолу вайн махкахойн. Мукъамийн говзанчаша – тенор олу тамехь аз ду Джамалдиновниг.
Цо дIаолучу иллийн исбаьхьа тIеIаткъам хIора ладогIархочун синкIоргене дIакхача ницкъ болуш бу. Вайн дукхахболчу махкахошна тайна цуьнан иллиаларан кеп, сцени тIехь хIоттош долу васт, духар, лелар.
И дерриге а нохчийн къоман хIо детталуш хаза, оьзда ду. Цкъа а, ша схьаваьллачу нохчийн къоман оьздачу гурашкара волуш а вац похIме артист. Цундела массарна дукхавеза иза, урам-новкъахь вогIуш, цунах бIаьргкхетча, самукъадолу.
Вайн махкарчу мехкаршна къаьсттина дукхадезачех ду цо дIаолуш долу, нохчийн къоман илланчас Усманов Iимрана даьккхина «ЛадегIа кIад ма ло, йоI» илли.
ЛадегIа кIад ма ло, йоI,
Къоналла дIаидарх, хазалла хьоьшуш,
Дехар ду: ма хета хьо цхьаннал оьшуш
– ЙогIур ю къоналла кхин.
ХIумма дац, сатоха, ирс ца карийнехь,
ЛадегIа кIад ма ло, йоI.
Кхолламна дар ма ло, цо хьо лазийнехь
– Карор ву хьох кхеташ цхьаъ…
Къилбаседа Кавказехь дIахьочу халкъан иллин фестивалашкахь, хьажаршкахь, конкурсашкахь дакъалоцу цо кест-кеста. Нохчийн маттахь иллеш аьлла Iаш вац иза.
Дехьа-сехьа ваханчохь, оьрсийн маттахь илли ала говзалла а ю цуьнгахь.
Делахь а, цуьнан дахаран маьIна хилла дIахIоьттинарг нохчийн халкъан илли ду. Нохчийн илли ду цуьнан кхиамийн лакхе. Нохчийн иллино а, хьаналчу къинхьегамо а вина иллиалархо ву иза, шен зевнечу иллешца вайнехан эстрада серлайоккхуш.
2010-чу шеран лахьанан (ноябрь) беттан 15-чу дийнахь дара похIмечу иллиалархочунна Джамалдинов Исламана «Нохчийн Республикин хьакъволу артист» сийлахь цIе елча.
Iедало иштта сийлахь цIе луш, шен ларам баро доккха жоьпалла тIедожийна аьлла хетачу цо, кхин а жигарбаьккхира болх. Филармонин куьйгалхоша дIахьажийнначу дIаваха даима а кийча ву артист. ДIакхаьчнначохь хьовсархойн а, ладогIархойн а дикачу иллица самукъадоккху цо.
Ислама кечйина муьлхха а музыкин композици мерза кхаъ хуьлий дIахIутту артистан кхолларалла езачарна. Нохчийн къоман эстрадина, беркатечу кхоллараллина тIедерзийна ду цуьнан дерриге а дахар.
Бакъду, яьхначу кхоллараллин ирхенех цкъа а тоам бина вац иза. Цунна къеггина тоьшалла ду вайн турпалхочо, балхана юкъара ца волуш, 2014-чу шарахь кхиамца чекхъяьккхина Нохчийн Республикин Хьехархойн университетан искусствийн факультет.
Вайна массарна хууш ду, балхана юкъара ца волуш, лаккхарчу дешаран кхерчахь Iилманах тийсавала мел хала ду.
Бераллехь дуьйна нуьцкъала амал йолуш хьалакхиъначу вайн турпалхочуьнга яккхаелира и ирхе а. Пхийтта шо хан бен яц Джамалдинов Ислам кхоллараллин новкъа ваьлла, амма шен лаккхарчу тIегIанехь йолчу корматаллица, хIинцале а, йоккха хазна юкъайилла ларийна иза нохчийн мукъамийн культурина.
И.Джамалдиновн кхоллараллин толамех цхьаъ бу нохчийн поэтан Бисултанов Аптин байташ тIехь композитора Даудов Рамзана мукъам баьккхина «Езаре» илли.
Сан байташна са гайтинарг хьо ма ю,
Сан вахаран цхьа бахьана хьан цIе ю
Кху дуьненахь сан Iуьйренаш хьоьца ю,
Сан ойланийн са ойуш ерг хьан цIе ю.
Со кхийринарг, со къийлинарг хьо ма ю,
Сан ирс хилларг, сан рицкъ хилларг хьан цIе ю,
Сан некъашлахь со декъалвеш хьо ма ю,
Сан лакхенех цхьа лакхе а хьан цIе ю…
Нохчийн Республикин пачхьалкхан филармонехь тахана къахьоьгуш болчу артистех халкъана уггаре а дукхабезачу иллиалархойх цхьаъ ву Ислам. Тайп-тайпана ду цуьнан репертуарера иллеш. Царна юкъахь нохчийн халкъан мукъамехь дIаолуш дерш ду.
Эстрадин лехамашна дуьззина жоп луш, мукъамийн керла хIо детталуш ду. Иза вайх хIораммо шех дозалла дан хьакъволу нохчийн иллиалархо ву. Цундела артист сцени тIехь волчу пхийтта шарахь цуьнга болчу лараман тIегIа лакхадолуш ду.
ХIора керлачу иллица кхоллараллин рогIера ирхе йоккхуш схьавогIу Джамалдинов.
2014-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 17-чу дийнахь вайна массарна мерза кхаъ хилира цунна «Нохчийн Республикин халкъан артист» сийлахь цIе елча. Бакъволу нохчийн халкъан артист сцени тIехь хьалхара гIулчаш йохуш дуьйна вара Ислам.
Делахь а, мукъамийн говзанчаша хьовсархошна хетарг тIечIагIдар а ду-кх мехала. Цуьнан дукхах долу иллеш халкъалахь сихха дIасадаьржаш, еххачу хенахь халкъалахь даха дуьсуш ду.
Цунна къеггина тоьшалла ду Нохчийн Республикин халкъан поэтан Рашидов Шаидан дешнаш тIехь Нохч-ГIалгIайн Республикин халкъан артиста Паскаев Рамзана мукъам баьккхина «Хьоьга сатийсинарг…» илли.
Хетарехь, цхьа-ши шо ду и илли массеран а телефонаш чухула «нека деш» схьадогIу. Шен башхаллица вай йийсаре лаьцна Исламан зевне аз ду цунна «бехке».
Хьан бIаьргийн йовхоно тIома а вохуш,
Хьо цхьаъ бен езаш дац даго ша бохуш,
Бацалахь хьан цIарца зезагаш дохуш,
Хьоьга сатийсинарг со вара хьуна.
Iуьйранна шийлачу шовдане вуьйлуш,
Хьагвелла канашкахь оьций хи муьйлуш,
Тешамца делла дагахь сайн къуьйлуш,
Хьоьга сатийсинарг со вара хьуна…
Воккха вац Нохчийн Республикин халкъан артист Джамалдинов Ислам. Цуьнан хIинца а 40 шо ца дуьзна.
Делахь а, иза гIеметтахIоьттина иллиалархо ву. Нохчийн къоман музыкин культурехь лараме меттиг дIалоцуш сирла агIо ю цуьнан кхолларалла. Алссам кхиамийн ирхенаш яьхна иллиалархочо Нохчийн Республикин музыкин искусствехь.
Кхул тIаьхьа кхоллараллин толамаш кIезиг хир бац аьлла хета похIмечу артистан. Ткъа къеггинчу похIмано хьанал къинхьегам серлабохучохь, беркатечу новкъа воьдург даима а сатийсамечу дикане дIакхачош ву.
Цундела цхьана а кепара шеко яц Джамалдинов Исламан кхоллараллин керлачу кхиамаша кхидIа а вайн дегнаш хьоьстург хиларх.
Вайн хIораннан лерса хьаста, синкIоргене кхача ницкъ кхочуш, къеггина похIма, башха аз ду цуьнан.
ГАЗИЕВА Аза
№50, мангалан (июль) беттан 5 де, 2019 шо