«Терек» – ЦСКА – 1:2

Премьер-лигин командашна юккъехь Россехь хьалхеяккхаран чемпионатан 18-чу туран матчехь Соьлжа-ГIалара «Терек» шен ц1ахь цхьаьнакхийтира Москва гIаларчу ЦСКА командица.

СоьлжагIалахой: Я.Годзюр, Р.Уциев, А.Семенов, М.Коморовски, Ф.Кудряшов, И.Лебеденко (Ж.Бокила, 77), М.Рыбус, О.Иванов, В.Адилсон (Р.Кану, 83), Ж.Маурисио (Д.Кузяев, 90), А.Аилтон.

Эскархой: И.Акинфеев, С.Игнашевич, М.Фернандес, В.Березуцкий, К.Набабкин, А.Дзагоев (Д.Ефремов, 90), Р.Еременко, Г.Миланов, Б.Натхо, П.Вернблуш, А.Муса.

Коьрта суьдхо Мешков Виталий (Дмитров).

Соьлжа-ГIаларчу С.Билимхановн цIарахчу стадионерчу трибунашкахь охьахаа меттигаш йоцуш, дукха адамаш дара.

Цхьаьнакхетар дIадоладаларца соьлжагIалахошна шайн кхерамаш тийса буьйлабелира ЦСКА-н футболисташ. ШолгIачу минотехь счет схьаелла герга вара Россин вовшахтоьхначу командин декъашхо Игнашевич Сергей. Амма цо тоьхна буьрка кевнна масех сантиметр уллехула д1аяхарх. Хьалхарчу таймехь Соьлжа-ГIаларчу «Терекан» футболисташа хьешашна гол тоха таро хинйолу тIелатар ца дира. Эскархой гIолехь ловзура. Бакъду, цкъачунна вайн защитникаш шайн белхашца дика ларабора. Къаьсттина тIах-аьлла ловзуш вара вратарь. Амма командаш садаIа яха масех секонд йисинчу хенахь Годзюр Ярослав а, Коморовски Марчин вовшех кхета а ца кхетта, буьрка вайн командин чу туьйхира хьешийн тIелатархочо Муса Ахмеда. Иштта серлонан таблон тIехь догуш 0:1 долуш, садаIа бахара футболисташ. ШолгIачу таймин юьххехь соьлжагIалахой дика ловза буьйлабелира. Сих-сиха кхерамаш туьйсура Акинфеев Игора лардечу кевнна. 61-чу минотехь счет метта а хIоттийра. Билгалваьлларг Лебеденко Игорь вара. Цул тIаьхьа мел кIезиг а ши гол тоха аьтто бара вайн республикин коьртачу командин, амма уьш шайн Iалашоне ца кхачабелира. Матч чекхъяла герга йоьдучу хенахь шолгIа гол тоха аьтто белира Муса Ахмедан. Иштта, жам1 1:2 долуш йишира «Терек»

А.АБДУЛАЕВ

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: