Даудов Турко – бусалбанийн мехкашкахь Нохчийчоьнан Куьйгалхочун векал

«Тахана Нохчийчоьнан муфтин заместительца Даудов Туркоца цхьаьнакхийтира со. Дуккха а шерашкахь Герггарчу Малхбалехь Iийна а, болх бина а ву иза. Iаьрбийн Малхбален политикин а, динан а тоьллачу организацешца цхьаьна болх барехь доккха зеделларг ду цуьнан. Вайн муфтих, хьомсарчу вешех Межиев Салахь-Хьаьжех дага а ваьлла, Iаьрбийн а, бусалбанийн а мехкашкахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочун хьехамчин дарж а долуш, Нохчийчоьнан Куьйгалхочун векалалла дар тIедиллина ас Даудов Туркона», – яздира Кадыров Рамзана ВКонтакте социальни сета чуьрчу шен агIонехь.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Даудов Турко шена хьалха хIиттийначу Iалашонашца ларориг хиларх ша тешна хилар хаийтира. Цо дийцарехь, Нохчийчоь бусалбанийн мехкашца чIогIа зIенаш йолуш, цхьаьна гIуллакхаш деш ю.

«Иза тахана вайна оьшуш а ду. Бусалбанийн мехкашкахь хIинца-хIинца кхета буьйлабелла Нохчийчохь хиллачу бохамечу хиламех а, церан бахьанех а. Хийцамаш хилла вай собаре къахьегар а, боккха болх бар а, иштта дика зIенаш кхоллаялар а бахьанехь. Вежараллин юкъаметтигаш тойина СаIудийн Аравица, Цхьаьнатоьхначу Iаьрбийн Эмираташца, Бахрейнаца, Иорданица, кхидолчу мехкашца», – билгалдаьккхира Р.Кадыровс.

Цо иштта билгалдаьккхира бусалбанийн мехкашкахь Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров АхьмадХьаьжа вуно дика вевзаш хилар а, цуьнан некъ къобалбеш хилар а.

«Нохчийн Республикин оцу пачхьалкхашца йолу юкъаметтигаш керлачу тIегIане яха еза вай. Правительствон делегацеш я комиссеш оцу мехкашка эхар Нохчийчоьнан векалца барт а беш, цунах дага а довлуш кхочушдийр ду. Уггаре а хьалха, цо тойийр ю Iаьрбийн а, бусалбанийн а мехкийн Россехь йолчу векалаллийн куьйгалхошца йолу белхан, гIуллакхаллин юкъаметтигаш. Ас Турко даггара декъалво оцу дарже хIотторца, цу тIехь цуьнан кхиамаш хуьлийла а лаьа суна», – элира республикин Куьйгалхочо.

А.ВАХАЕВА
№51, мангалан (июль) беттан 9 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: