«Соьлжа-ГӀаларчу «Северный» аэропортехь гӀишлош тояран а, яран а белхаш дӀабахьар» проектан гӀуллакх дийцаре дира республикин Премьер-министра Хучиев Муслима дӀаяьхьначу белхан кхеташонехь.

Цигахь билгалдаьккхира и проект 2024-гӀа шо кхачале кхочушйина хила езаш хилар а, цунна билгалдаьккхина 14,15 млрд. сом хилар а.
Хучиев Муслима хаийтира и проект кхочушъяран гӀуллакх республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен тергонехь латтош хилар.
Кхеташонан чаккхенехь вице-премьер Хакимов Хьасан куьйгаллехь волчу белхан тобанна оцу декъехь къахьоьгучу (профилан) федеральни органашца бен болх чӀагӀбар тӀедиллира Хучиев Муслима.
И.ИСЛАМОВ
№51, мангалан (июль) беттан 9 де, 2019 шо