СовгIат вай динехь товш-м хир дара

ХIокху деношкахь баккъал а боккха кхаъ хилла тхуна. Тхоьга кхаьчна Иорданерчу Заркъа гIалахь йолчу «Сан сагIа сол хьалха ялсаманехь хир ду» цIе йолчу нохчийн юкъараллин организацин жигархошкара Хьаьжа-Асхьабан Нурин Маремера а, Фейруз Салмерзера а. Вайн йижарша арахецна карарчу шеран рузма.

Цкъа-шозза хьажарх ца Iебаш, юх-юха а луьсту ас иза. Воккхавоь. ХIокху шарахь иштта доккха совгIат хилла а дацара суна а, и рузма шайга кхаьчначу Нохчийчуьрчу нохчийн меттан говзанчашна а, журналисташна а, ненан мотт безачарна а.

Мел хаза йина, мел дика йина рузма. Вай шеконашка дуьйлуш, цхьанхьа (стенна а, стенга а доьгIу а ца хууш) ладоьгIуш Iашшехь, нохчийн а, Iаьрбийн а беттанийн цIерш тIехь йолуш, хIора агIонан коьрттехь Элчанан (Делера саламмаршалла хуьлда цунна) хьадисаш а, доIанаш а долуш (нохчийн а, Iаьрбийн а меттанашкахь), башха рузма арахецна вайн йижарша. Дела реза хуьлда уьш арахецарехь дакъа мел лаьцначарна!

Баккъал а хаза, дика совгIат ду цара нохчийн дерриге а халкъана динарг. Цара чIогIа эхь хетийтина суна. Вешан махкахь, Нохчийчохь маьрша Iаш долчу вай Иорданехь Iаш болчу нохчашна динехь бакъахьа дара иштта совгIат. Иза товш а, гIиллакхехь а хир дара. Делахь а, вайн и ца нисделла. Байттамал.

ХIетте а воккхавоь-кх вайн йижарша динчух, церан самонах, цара ненан мотт кхиоран иштта гIайгIабарх. Дала тIаьхье беркате йойла. Вовшех Iемаш, вовшех масал оьцуш ненан мотт кхиорехь, дайн оьзда гIиллакхаш лардарехь, лелорехь совдовла хьовсур ду-кх вай. Иорданера йижарий, Дала сагIайойла шун Рузма! ХIара Iаламат дика гIуллакх ду аш дIадолийнарг. ДIа ма тасалаш.

С-Хь.ДАДАЕВ, Нохчийн журналистикин къано
№51, мангалан (июль) беттан 9 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: