(Хьалхара дакъа) 116 шо хьалха, вайнах ДегIастанара арабовлуш, уггаре а халаниг шаьш динчу эвлах довлар а, шайна безначарех дIакъастар а хилла. ХIинццалц цунна тоьшаллаш деш дийцарш Урдунехь дуьйцуш ду. Цхьаъ Бено Боьрзах лаьцна ду, шолгIаниг ГIоьрдала Боьрзах лаьцна хир ду, оццу декъехь дуьйцур ду Боьрзан ломах дерг а.

Урдуне схьабогIуш хиллачарех цхьаберш лаамаза цIерабевлла хилла, дас я девашас, я гергачара шайца арабовлуш бигина хилла кхиберш.
ЧоплогIера Боьрз, ханна воккха воцуш, кхиъна кIант хилла ша Урдуне схьакхелхаш.
Шен массо а ваша схьакхелхаш хиларна, лаамаза Урдуне веана хилла и. Ткъа шен кийрахь цIе летта хилла цуьнан, ДегIастанахь шен сил дукха езаш хилла йолу езар а йитина.
Ша мел садеттарх а, мел Урдунехь ваха гIертарх а вахалуш ца хилла и. ЦIа ваха лууш, чIогIа сагатделла хилла цуьнан. «Со Iийр вац», «Со дIагIур ву», «Аш суна и берд буьззина деши лахь а, со Iийр вац», – бохуш, дIаваха гIерташ, амма карах ца долуш Iийна Боьрз.
Иза дIа ца вахийтархьама, паспорт дIалачкъийна хилла цуьнан наха.
ТIаьххьар а, къар ца велла, дайх къаьстинчу дIавахана иза, амма ша цIа кхаьчча, лам санна ондда волчу, борз санна майра дог долчу, шовда санна са цIена долчу, муьлхха а къонахчун дог дохор долу шийла хабар кхаьчна цуьнга… Езар кхечуьнга яхана хилла!
Боьрз пондар чIогIа дика локхуш хилла, хIора буьйсанна цхьана лома воьдий, пондарца шен бала балхош хилла цо. Цундела, буьйсанна юьртахь и ца хилча, наха: «Боьрз муьлхачу ломахь угIуш ву те тховса», – олуш хилла.
Эххар, зуда а ялийна, ваха хиъна иза Нохчийчохь. Цкъа Боьрз шен йоIаца волуш, цхьана бекъачу лома тIехь ша лаьтташ цхьа хен (дитт) гина боху царна.
«И дитт гой хьуна, иза санна висна-кх со» аьлла боху цо йоIе. Иза аларан бахьана цуьнан 6 ваша Урдунехь Iаш хилар хилла.
ХIара дийцар Боьрзан гергарчу цхьана йоккхачу зудчо дийцина соьга. Хьалхара дакъа хIара ду, шолгIачуьнга хьоьжуш хилалаш.
БИЙТРО МахIир
№51, мангалан (июль) беттан 9 де, 2019 шо