ХIокху деношкахь Шелахь дIаяьхьира 2002–2004-чуй шерашкарчу кегийрхошлахь паргIатчу кепара охьатохархлатарехула хьалхеяккхаран республикин турнир.

Цигахь дакъалоцуш вара РСШ-ра 11 спортсмен. Къийсадаларш шина дийнахь дIадаьхьира.
Шайн-шайн йозаллин категорешкахь толамхой хилира РСШ-н хIара спортсменаш: Алиев Сулейман (60 кг.), Назиров Хьамзат (65 кг.), Яхъяев ИбрахIим (70 кг.), Мусаев Келаб (80 кг.).
Оцу къийсадаларшкахь цара кхиамаш баьхна хилар дозуш ду уьш Iамийначу церан тренерех. Уьш бу: Х.Эскерханов, А.Сугаипов, Р.Гудаев, А.Магомадов.
Кестта хинйолчу СКФО-н чемпионатана кечам беш бу РСШ-н спортсменаш.
Толамхой билгалбехира кубкашца, мидалшца, Сийлаллин грамоташца.
№51, мангалан (июль) беттан 9 де, 2019 шо