«Синмехаллаш» – гIиллакхаш довзийтаран кхерч

Республикин хIорашеран «Синмехаллаш» телепроектан конкурс-фестивалан хьалхарчу туран рогIера ловзар дIадаьхьира Невран кIоштарчу Керла Солкушино юьртарчу культурин цIийнехь.

Устрада-ГIалин Культурин урхаллин белхахойн тоба а, Соьлжан кIоштан Культурин отделан тоба а яра рогIерчу ловзаршкахь дакъалоцуш.

Нохчийн халкъан иллиаларан а, нохчийн гIиллакхаш гайтаран а, хIинцалерчу заманахь нохчаша лелош долу гIиллакхгIуллакх гайтаран а, кхин а масех номинацешкахула постановкаш гайтира шина а тобано.

Жюрин декъашхой республикин культурин, искусствон хьакъболу белхахой бара.

Хьовсархойн могIаршкахь бара Устрада-ГIалин мэрин а, Соьлжан кIоштан администрацин а векалш, Невран кIоштара бахархой а.

Шина а тобано дика кечамаш бинера. Хьовсархойн а, жюрин декъашхойн а дагахкхеташ, нохчийн гIиллакхийн хазалла гойту сценкаш гайтира цара. Нохчийн иллиаларан а, хелахардаран а номинацешкахь а кегийрхоша шайн говзалла гайтира.

Конкурсан чаккхенехь жюрис довзийтира команданаша яьхначу баллийн юкъара жамI: Устарда-ГIалин Культурин белхахойн тобанан 111 бал яра, Соьлжан кIоштан Культурин отделан белхахойн 122 бал яра.

Толамхоша дакъалоцур ду шолгIачу турехь.

М.ВЕГИЕВА
№51, мангалан (июль) беттан 9 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: