Нохчаша ширачу заманашкахь дуьйна хасбошмашкахь дуьйш-лелийна Iаьржа хорсам. Цунах пайдаоьцуш хилла кхачанан сурсатех а, дарбанашлелоран ораматах а санна. Iаьржачу хорсамца эфиран даьтта ду. Иза диъча, толо зорхано болх бар, кхача чуьрашкахула чекхбалар.

Хорсам диъча, стим чуьра къаьхьаниг араялар алсамдолу. Цундела, дукха хьолахь, оцу ораматаца дарбанаш леладо холецистит цамгар йолчарна а, стиман ахкарга чохь тIулгаш долчарна а.
Iаьржачу хорсаман муттанах пайдаоьцу доIахна цирроз а, токсинан гепатит а цамгарш йолчара. Оцу ораматах дарба хуьлу дог лозучарна а, кардионевроз йолчарна а.
Делахь а, хорсамца къаьсттина алсам дарбанаш леладо йовхарийн цамгарш йолчарна. Йовхарш кхеттачарна дарба, иштта, леладо: хорсаман «дог» схьадоккху, юха, яьккхинчу «хари чу» моз дутту. Хорсамах долучу муттанах моз дIаэллалц дуьту (масех сохьтехь). Цул тIаьхьа, боккха цхьацца Iайг молуш, дийнахь кхузза молу.
Кхин цхьа дарба а. Хорсам ата а отий, цу тIе шекар тосу. Уьш вовшахъийначул тIаьхьа (шекар дешначул тIаьхьа) хорсам дIадуу. ТIаккха зорха, чо, кийра лозучарна гIоли хуьлу.
З.МАДАЕВА
№51, мангалан (июль) беттан 9 де, 2019 шо