ХААМ

Sequence_01.Still001-pic668-668x444-87410

Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствос а, «Даймохк» газетан редакцис а нохчийн мотт кхиоран а, баржоран а Iалашонца нохчийн маттахь тоьлла журналистски материал язъяран республикин конкурс дIакхайкхайо. Иза лерина ю Нохчийн меттан денна (25-гIа апрель).

Конкурсан Iалашо:

– Нохчийн халкъан ламасташ, син-оьздангаллин мехаллаш Iалашъярехь ненан меттан маьIна юкъараллина шуьйра довзийтар.

Конкурсан декхарш:

– Ненан мотт баржор а, марзбар а. Нохчийн маттахь болх бечу шуьйрачу хаамийн гIирсийн белхахойн гIолацар. Нохчийн юкъараллехь идеологин а, Iаморан а, культурин а декхарш кхочушдеш йолчу пачхьалкхан а, юкъараллин а учрежденешка долу ненан мотт марзбарехь дан дезачийн хьокъехь долу хьехарш, магораш шуьйра довзийтар.

Конкурсан хьелаш:

– Конкурсехь дакъалаца йиш ю 2015-чу шеран 1-чу январера 15-гIа апрель кхаччалц болчу муьрехь шайн материалаш Нохчийн Республикин зорбанан а, зорбатоьхна хиллачеран массеран а.

Материалийн мах хадор кху билгалонашца хир ду:

1.Корматаллин тIегIа (профессионализм).

2.Исбаьхьаллин хатI.

3.Ненан маттахь бартан а, йозанан а къамелан хьал.

Конкурсе белхаш дIаоьцу апрель беттан 1-чу дийнахь дуьйна 15-гIа де чекхдаллалц, кху адресца:

Соьлжа-ГIала, Маяковскийн урам, 92, Зорбанан цIа (4-гIа гIат), «Даймохк» газетан редакци.

Конкурсан толамхошна совгIаташ дар дIахьур ду Нохчийн меттан де даздарал хьалхарчу деношкахь.

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: