Медицинин учрежденешна транспорт елла

Бахархойн медицинин хьашташ кхочушдечу лоьрийн янне а йиш яц машен ца хилча, ламанца йолчу ярташкахь къаьсттина. ХIокху деношкахь транспортаца гIо дина Нажи-Юьртан кIоштарчу Бена юьртан куьпан больницина а, Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министерствон СПИД-ца къийсам латторан а, профилактика яран а республикин туьшана а.

Бенарчу куьпан больницина медицинин сихачу гIоьнан ши машен елла А-Хь.Кадыровн цIарахчу регионан юкъараллин Фондан президента Кадырова Айманис.

И дика гIуллакх кхочушдеш, больницин куьйгаллина машенийн догIанаш дIаделира Нохчийн Республикин къинхьегаман а, болх нисбаран а, социальни кхиоран а министра Баширов Iусмана.

Бенарчу куьпан больницехь ламанца йолчу 11 кIотарарчу 10 эзар гергга вахархочун хьашташ кхочушдо.

Меттигерчу фельдшерийн балхана доккха гIо ду кхайкхинчу метте дIасабаха медицинин сихачу гIоьнан машенаш куьйга кIел хилар. Машенаш оьшуш яра оцу ярташкахь. Доккха сагIа даьккхина Фондан президента Кадырова Айманис.

Иштта, Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министерствон СПИД-ца къийсам латторан а, профилактика яран а республикин туьшана а елла леррина йолу транспорт. «Next» олу микроавтобус ю иза, шен чохь цIий схьаэцаран лаборатори а йолуш.

Медицинин сихачу гIоьнан машенах тера елахь а, шен билгало йолуш ю и машен. Вайна ган Iеминчу цIечу сизашна лакхахь доьдуш, бирюзан басахь сиз ду цунна тIехь.

Машен эцна 2019–2020-чуй шерашкахь Нохчийн Республикин бахархошна юкъахь ВИЧ-инфекцина профилактика яран регионашна юкъара программа кхочушъяран гурашкахь.

СПИД-ца къийсам латторан а, профилактика яран а республикин туьшан коьртачу лоьро Муртазалиев Хьамзата билгалдаьккхира Нохчийчоьнан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана вайн республикин могашаллаIалашъяран хьаьрмин хьашташ кхочушдарна тIехь терго латтор бахьанехь, вайн республикин медицинин организацешна оьшуш йолчу медицинин техникица а, йийбарца а, транспортаца даима а гIо деш хилар.

– ЦIий схьаоьцуш йолу, дIасайига йиш йолу машенлаборатори хиларо доккха гIо дийр ду 2020-гIа шо кхаччалц, Россин Федерацехь ВИЧ-инфекци дIасаяржарна дуьхьал къийсам дIабахьаран Пачхьалкхан старатегин Iалашонаш кхочушъеш дIахьочу балха тIехь, – элира Хь.Муртазалиевс.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№51, мангалан (июль) беттан 9 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: