Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министерствос регионан проектан гурашкахь кхочушъеш ю «Деган-пхенийн цамгаршца къийсам латтор» программа. Министерствон пресс-службин хаамашца иштта ду карарчу хенахь республикехь оцу декъехь долу хьал.

Программа кечъечу хенахь Россин могашаллаIалашъяран министерствос цIийлеларан системин цамгарех адамаш кхалхаран терахьаш далийнера. 2017-чу шарахь 100 эзар вахархочунна юкъахь – 252,3 стаг кхелхина, ткъа 2018-чу шарахь, вайн йолчу таронашца, хьелашца и барам 196,3-нга охьабаккхабелла. Иза боккха толам бу Нохчийн Республикина.
«Деган-пхенийн цамгаршца къийсам латтор» регионан проект кхочушъеш бина а, беш а боккха болх бу. Дуьненахь а, Россин Федерацехь а, бевзаш болу говзанчаш схьабалош, конференцеш, семинараш, мастер-классаш йо нохчийн лоьрийн хаарш, зеделларг алсамдаккхаран Iалашонца. Тодина деган-пхенийн цамгаршца къийсам латторан медицинин учрежденийн бахаман-техникин хьелаш.
Карарчу хенахь коронарни синдроман а (миокардан инфаркт), коьртехула цIий дIасалелар доьхна хилар а (инсульт) бахьанехь бала хьоьгучу дархошна медицинин гIо деш пхенийн регионан 2 туш ю. Уьш I.Ханбиевн цIарахчу медицинин сихачу гIоьнан клиникин больницехь а, Ш.Эпендиевн цIарахчу республикин клиникин больницехь а ю.
Цул сов, Гуьмсан а, Курчалойн а кIоштийн больницашкахь йолчу пхенийн отделенешкахь а до юьхьанца оьшуш долу гIо.
Пхенийн цамгарийн шина а регионан туьшахь миокардан инфаркт хиллачу дархошна медицинин тоьллачу технологин гIоьнца дарбанаш до. Халкъалахь (стентировани) деганпхенашна операци яр олу цунах.
Оцу мехалчу гIуллакхашна оьшуш долу бахаман-техникин хьелаш а, говзанчаш а болуш бу вайн республикехь.
ЖамI деш аьлча, «Деган-пхенийн цамгаршца къийсам латтор» регионан программин Iалашонаш иштта ю: деган-пхенийн цамгаршна профилатика яран болх жигарбаккхар, республикин бахархошна могашаллина пайдехь дерг марздар, кхача баарехь зенехь дерг (тIех сов туьха а, шекар а, кIолла а, тонка озар а) лахдан дезийла хоуьйтуш болх дIабахьар а.
Iалашонан программехула дешар
Школийн выпускникаш, Iалашонан программин гурашкахь Россин вузашка деша бахийта схьакъастош йолчу комиссин белхан жамIаш дар дIахьош ду могашаллаIалашъяран министерствехь.
Iалашонан программица деша баха луучара чуделла 176 дехар. Пачхьалкхан цхьааллин экзаменан баллашца царах 26 чекх ца ваьлла.
Делахь а, иза тIаьххьара сацам а бац. Кхин дIадолу сурт, дешархойн ерриге экзаменаш дIаевлла, церан коьртачу экзаменийн (биологин, оьрсийн меттан) баллаш хиъначул тIаьхьа къаьстар ду. Карарчу хенахь могашаллаIалашъяран хьаьрмахь оьшуш болчу говзанчашка хьаьжжина хир ду абитуриенташ деша хьовсор.
Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министерствон пресс-службин хаамашца материалаш кечйинарг – З.ЯХЪЯЕВА
№50, мангалан (июль) беттан 5 де, 2019 шо