Кху шеран 26-чу майхь Санкт-Петербургехь дІаяьхьира греко-римски кепара латарехь Россехь хьалхеяккхаран чемпионат. Юьххьехь билгалдаккха деза, спортсменаш керлачу бакъенашца леташ хилла хилар.
Уьш чІагІйинера FILA-н Москвахь хиллачу конгрессехь. Керла бакъенаш юкъаяхар бахьанехь греко-римски кепара латар кхин а бІаьрла хилла дІахІоьттина. Бакъенаш езаелла спортсменашна а, уьш царах булуш бу.
Ткъа чемпионатах шех аьлча, цигахь дакъалоцуш бара Россера уггаре а тоьлла, хьуьнаре, говза охьатохархлатархой. Царна юкъахь бара Нохчийчоьнан векалш а. Дуьззина схьаэцча шайн-шайн йозаллин категорешкахь дика кхиамаш а бехира цара. Къаьсттина билгалваккха лаьа 2008-чу шарахь олимпиадин чемпион хилла волу Альбиев Ислам-Бек. Шайн йозалла 66 кийла йолчу спортсменашна юккъехь хьалхе къуьйсуш хиллачу цуо, хаза толамаш а бохуш, бакъо яьккхира финалан тасадаларехь дакъалаца. Финалехь цуьнца яхь къовсуш вара вайн махкахь дика вевзаш волу Денисов Юрий. Цунна тІехь жамІ 4:1 долуш хаза толам баьккхира Альбиев Ислам-Бека. Оццу йозаллехь хьалхе къовсуш хиллачу вайн кхин цхьана махкахочо – Мутузов Анзора кхоалгІа меттиг а, цуьнца цхьаьна йоьза мидал а яьккхира.
Нохчийчоьнан спортъезархошна иштта боккха кхаъ хилира Москван цІарах оцу турнирехь дакъалоцуш хиллачу нохчийн спортсмена Магомадов Илеса (74 кийла) дашо мидал яккхарх. Финалан тасадаларехь цо жамІ 6:2 долуш эшийра Ростовера Чехиркин Александр.
Ткъа йозаллин барам 120 кийла болчу спортсменашлахь хьалхеяккхаран къовсам, коьртачу декъана, Новосибирскерчу Андрусик Сергейний, вайн махкахошна Аюбов Алиханний, Аккаев Лом-Іелиний, Аюбов ШахІруддиний юкъахь дІабахара. Оцу къовсамехь хьалхе яккха аьтто белира Новосибирскерчу спортсменан. Финалехь цо жамІ 2:0 долуш халла толам баьккхира А.Аюбовна тІехь. КхоалгІа меттигаш а, йоьза мидалш а ехира: Л.-І.Аккаевс а, Ш.Аюбовс а. Нохчийн спортсменех цхьа Лом-Іела вара оцу чемпионатехь вай юьйцучу йозаллин категорехь Нохчийчоьнан цІарах дакъалоцуш.
Цу тайппана, греко-римски кепара латарехь Россехь хьалхеяккхаран чемпионатехь бІаьрла кхиамаш баьхна нохчийн спортсменаша. Дала тІаьхье беркате йойла оцу кхиамийн!
ХЬ.САЙДАЕВ