Iилманан новкъа бевллачу хьалхарчарех цхьаъ

Дуккха нахана вевзаш вара Шеларчу Ибрагимов ИсмаьIалан кIант Хьамзат. Бераллехь дуьйна хьекъале, хьуьнаре вара иза. Дешарна чIогIа тIера вара. Цо дукха къахьегна Нохчийчохь Iилманийн академи схьаелла гIерташ. Воккхачу Iилманчас Ибрагимов Хьамзата Соьлжа-ГIаларчу Нохч-ГIалгIайн хьехархойн институтехь аспирантура схьайоьллуьйтуш а дукха къа а хьегна.

1934-чу шеран мангалан (июль) беттан 10-чу дийнахь дуьнен чу ваьлла Ибрагимов Хьамзат.

1944-чу шеран чиллин (февраль) беттан 23-чу дийнахь Сталинан хьадалчаша вайнах махках бахаро бералла хьаьшначарех вара иза. Массара санна, гIело, шело, харцо, мацалла лайра. Юккъерчу Азехь цо чекхъяьккхира школа. Лакхарчу дешаран кхерчахь доьшуш вара Ибрагимов Хьамзат 1957-чу шарахь вайнахана дай баьхначу лаьтта тIе цIаберза бакъо яьлча.

Бакъду, цхьана мIаьргонна а, иза цигахь саца-м ца велира, институтехь деша дисинарг цхьа шо бен доцушшехь. Нохчийн мохк а, шен халкъ а дукхадезаш вара Хьамзат.

1958-чу шарахь боккхачу кхиамца чекхъяьккхира цо Соьлжа-ГIалара хьехархойн институт.

1964-чу шарахь цIарна цIеяхханчу Москварчу Пачхьалкхан университетехь (МГУ) аспирантура чекхъяьккхира, химин Iилманийн кандидатан диссертаци чIагIъеш. ТIаккха, Москвара цIавирзина, дуккха а шерашкахь Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институтехь хьехархочун болх бира.

Оцу институтах университет ян, цуьнан тховкIел аспирантура схьаелла лууш, дукха къахьегначарех цхьаъ ву Хьамзат. Вайн махкахь Iилма кхиа лууш, нохчийн кегийрхой Iилманна тIеберза лууш къахьегна цо. Ткъа ша Хьамзат, даима а Iилманан талламаш беш, де-буьйса ца лоьруш, хьанал къахьоьгуш вара.

1980-чу шарахь чIагIйо цо химин Iилманийн докторан диссертаци. Ткъа 1983-чу шарахь «НГIАССР-н Iилманийн а, техникин а хьакъволу гIуллакххо» сийлахь цIе туьллу цунна.

СССР-н граждански авиацин дехаршца гинсуно (ртуть) амальгамо авиаматериалашна бечу тIеIаткъаман талламаш бинарг Ибрагимов Хьамзатан куьйгакIел хилла Iилманчийн тоба ю, шайн куьйгалхочуьнца цхьаьна. Цара бинчу талламаша ткъех миллион гергга соьмана пайда бина граждански авиацина. Советийн заманахь иза Iаламат дуккха ахча дара.

ХХ-чу бIешеран 90-гIа шераш дуьйлалуш, Ибрагимов Хьамзата чIогIа къахьоьгу вайн махкахь Iилманийн академи схьаелла некъаш лоьхуш. Цуьнан хьуьнарца 1993-чу шеран кхолламан (январь) беттан 14-чу дийнахь дуьйна болх бан дIайолало Нохчийн Республикин Iилманийн академи. Ибрагимов Хьамзат цуьнан дуьххьарлера президент ву.

2001-чу шарахь иза Россин Академин Соьлжа-ГIаларчу Iилманийн-талламийн комплексни институтан директор хIоттаво. Институт цкъачунна кехаташ тIехь яра. Массарна ма-хаъара, вайн махкахь боьдуш буьрса тIом бара, массо гIишло а лаьттаца дIашарйина яра Соьлжа-ГIалахь. Амма дукха хан ялале, Хьамзатана Iилманчаш чубига меттиг карийра, цаьрга болх дIаболабайта таро лехира. Эшахь, кийрара схьадаьккхина, шен мерза са а дIалур долуш вара иза Нохчийчохь Iилмане беркате зазахецийта.

2004-чу шарахь дуьйна «Россин Iилманийн хьакъволу гIуллакххо» сийлахь цIе лелош вара иза. Цуьнан кхоъ монографи а, 200 сов Iилманан болх а бара зорбане баьлла.

8 авторан тоьшалла дара, Iилманехь бина талламаш, баьхна толамаш тIечIагIбеш. Дуккха а дешархой бара цуьнан. Царна юкъахь шиъ физикин-математикин Iилманийн доктор а, 10 физикин-математикин Iилманийн кандидат а волуш.

Доцца аьлча, Хьамзатан цIе шуьйрра евзаш яра дуьненан Iилманийн гонашкахь. Шен дахаран тIаьххьарчу шерашкахь Нохчийн Пачхьалкхан университетехь молекулярни физикин кафедрин куьйгалхо вара иза.

Амма 2006-чу шеран бекарг (март) беттан 10-чу дийнахь, кхин цкъа а ца тохадала, детталучуьра сецира нохчийн сийлахьчу Iилманчин дог.

Кхиаран новкъа даьллачу нохчийн Iилманна иэшам хилла Iаш бацара 72-чу шаре вирзина иза дIавалар, дерриге а нохчийн къомана иэшам бара.

Iилманан новкъа бевллачу хьалхарчу нохчех цхьаъ вара иза.

ГАЗИЕВА Аза
№51, мангалан (июль) беттан 9 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: