Цуьнан байташ Чернобылехь екара

Шовзткъе пхи шо хьалха илли ала волалучу Усманов Iимрана Соьлжа-ГIаларчу С.М.Кировн цIарахчу паркехь суна вовзийтира тхол 7–8 шо воккха хир волу цхьа къонах. Иза Гермачигара Осмаев Асламбек хиллера, журналист а, поэт а волу.

Цул тIаьхьа тхойшиннан фамилеш кест-кеста «вовшахкхетара» «Комсомольское племя», «Ленинан некъ» газетийн агIонаш тIехь. Поэт Осмаев Асламбек вина 1946-чу шеран мангалан (июль) беттан 2-чу дийнахь Казахстанерчу Джамбулан областан НовоАлександровка юьртахь. Циггахь иза хьалхарчу классе деша а вахара.

1957-чу шарахь Даймахка юхавирзича, жима Асламбек шайн юьртарчу школе вахара.

Ширачу эвлара – Гермчигара юккъера школа дашочу мидалца чекхъяьккхинчул тIаьхьа, шен муьлххачу а институте деша ваха хаарш доллушехь, кхуьнан аьтто ца хилира иза дан. Цундела, 1964-чу шеран гурахь иза меттигерчу совхозан отделене болх бан вахара, амма, шо а далале, кIант Советийн эскаре кхайкхира. А.Осмаев шен бIаьхаллин декхар Вологда гIалахь йолчу ПВО-н декъехь радистан говзанча волуш, дIа а лой, цIехьавоьрзу.

Эскарехь волуш а, бIаьхочо Осмаевс кест-кеста зорбатухура дивизин газетехь шен материалаш. ГIеххьа зеделларг долу кIант Шелан кIоштан газетан редакце балха схьаийцира. Кхузахь дика гучуделира кхуьнан журналистикехь а, поэзехь а долу похIма.

Оцу дерригено а кIентан ойла кхуллу Дона-тIерачу-Ростовера университетан журналистийн отделене деша ваха. Кестта иза республикин кегийрхойн «Комсомольское племя» газетан редакце балха кхойкху. Кхузахь газетан тайп-тайпанчу жанрашкахь йолчу материалашца а, шен байташца а гIараволу къона журналист…

А.Осмаевн дуьххьарлера байташ зорбане евлира Шелан кIоштан газетехь 1979-чу шарахь. Цул тIаьхьа поэтан стихаш сих-сиха зорбане йовлура «Ленинан некъ», «Комсомольское племя», «Грозненский рабочий» газеташ тIехь, «Орга» альманаха тIехь. Оццу шерашкахь цуьнан иттанаш стихаш араюьйлу «Антология Чечено-Ингушской поэзии» а, «Нохчийн поэзин антологи» а тIехь нохчийн, оьрсийн меттанашкахь.

А.Осмаевн 80-чу шерашкахь араевлира «Ткъесан цинцаш», «Улица детства», «Баьгначу седанан серло», кхийолу гуларш.

1976-чу шарахь вайн республикин Яздархойн союзо А.Осмаев делегат во къоначу литераторийн Ерригсоюзан II-чу съезде. Кхузахь, Москвахь, Асламбекана уллера бевза хIинца ерриге Россехь а бевзаш болу поэташ, яздархой.

Итт-пхийтта шарахь ша издательствехь исбаьхьаллин литературин отделан куьйгалхо волуш, А.Осмаевс редактировани йо бевзаш хиллачу поэтийн Ш.Арсанукаевн «Лакхенга гIулч», «Тешам», М.Сулаевн «Бакъдерг», Х.-М.Эдиловн «Баьццара алу», Ш.Рашидовн «Сатийсар», I.Яричевн «ХIост», кхечеран книгашна.

…1986-чу шеран оханан (апрель) беттан 26-чу дийнахь, буьйса юкъал тIехъяьлча, Украинерчу Чернобылан атомни электростанцехь эккхар хилира. Цуьнан (эккхаран) вон Iаткъам ца хилийта гIевттира СССР-ра эзарнаш кегийрхой. Шен лаамехь цига орцах вахара вайн махкахо, журналист, поэт А.Осмаев.

Цо куьйгалла дечу ликвидаторийн тобанехь бара оьрсий, украинцаш, гуьржий, эрмалой, гIезалой, иштта кхечу къомах болу кегийрхой. Царна шегара масал гойтуш, ша-шен ца кхоош, чекхвелира вайн махкахо.

Цул сов, наггахь кхузахь хуьлучу поэзин суьйренашкахь Асламбека йоьшура шен байташ нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь. Уьш цигахь хезначарах ву кху могIанийн автор.

…Ткъех шарахь Iиллира А.Осмаев Украинерчу Чернобыль гIаларчу АЭС-хь эккхар хилча, цуьнан тIаьхьалонаш дIайохуш, радиаци а кхетта.

Цул сов, Соьлжа-ГIалахь митингаш юьйлаеллачу муьрехь (1991-чу шеран гуьйре) цабевзачара кхунна, бехк-гунахь доцуш, йиттинера: уьш, хIара велла моьттуш, дIабаханера. Иштта, цунах I-чу тобан заьIапхо хилира. Оцу кепара декъаза кхоллам хилира вевзаш хиллачу журналистан, поэтан Осмаев Асламбекан.

…Исс шо хьалха, шен уллера доттагI кхелхича, Нохчийчохь вевзаш волчу поэта Шайхиев Iалвадис яздира: «Осмаев Асламбекан, цхьаннах а тера доцуш, шен йозанан хатI дара. Шен мотт бара. Цундела цуьнан стихаш кхечу поэтийн стихех къаьсташ ю… Осмаев Асламбек, даг тIе буй а бетташ, ша поэзехь чIагIвайта гIертачех поэт вацара, ткъа, нахалавала а ца гIерташ, тапъаьлла, амма хьанал болх бечех вара… Дог цIена стаг а, похIме поэт а вара иза».

Нохчийн халкъан поэта, журналиста Кусаев Iадиза шен доттагIчух А.Осмаевх лаьцна, иштта, элира: – Осмаев Асламбек… оцу башхачу адамаца цхьаьнабеттабала а, цуьнца къамелаш дан а, доттагIалла лело а ирс хиллачара, массара а, баркаллица дагахь латтор ву иза. Цунах лаьцна вон дош аьлла цхьа а ца хаавелла суна. Цунна чохь йогу, баккъал а, дагца цIена болу нах массарах къастош йолу башха серло. Вайн таханлерчу дуьненан къинош тIе ца оьцучарех, кIез-мезиг шен бераллехь висинчарах вара иза. Дерриге а дуьненах комаьршаллин, дикаллин туш ян гIертачарех вара.

– «Вайн меттан мокхаз» ирдина дош хоржуш кхоьллина йолу поэтан А.Осмаевн стихаш ехаш ю тахана а нохчийн поэзехь, – яздора критика Арсанукаев Iабдуллас.

Осмаев Асламбек кхелхина 2012-чу шеран оханан (апрель) беттан 25-чу дийнахь Гермачигахь. Циггахь дIавоьллина а ву.

А.Осмаевх йолу сан хIара жима очерк чекхъяккха лаьа цуьнан «Ас динарг» байтаца:

Ас динарг, ас дийриг,
Тайнарг, цатайнарг,
Ас дагахь къийлинарг,
Ас дан мел лийринарг,
Ца дан со кхийринарг
– Оцарах цхьаъ шайна
Ца тайнехь, адамаш,
Ларалаш со вайна,
Хьакъбоцуш кадамаш,
Шун бIаьрхийн тIадамаш…

МУЦУРАЕВ Олхазар
№51, мангалан (июль) беттан 9 де, 2019 шо

ДештIаьхье: Цомгаш волу поэт А.Осмаев кхалхале, пхиялх шо хьалха, Нохчийчохь бевзаш болчу журналисташа Ильясов Мовсара а, Уциев Абус а Нохчийчоьнан Журналистийн союзан правленехула цунна ахчанца гIо дайтира.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: