Сийлахь-воккха устаз вина де билгалдаккхар

Селхана, мангалан (июль) беттан 11-чу дийнахь, Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а, Дагестанерчу Iовхойн кIоштахь а билгалдаьккхира Кишин воI КунтаХьаьжа дуьнен чу ваьлла де.

Нохчийчохь коьрта даздарш дIадаьхьира Соьлжа-ГIаларчу Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу доккхачу маьждигехь. Цигахь вовшахкхеттарг 1 000 ца кхоччуш стаг вара. Царна юкъахь вара Нохчийн Республикин Парламентан Председатель Даудов Мохьмад, Нохчийн Республикин бусалбанийн динан урхаллин председатель Межиев Салахь-Хьаьжа, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторан департаментан директор Абазов Рустам, Кунта-Хьаьжин муридаш, дуккха кхиберш.

Цигахь вовшахкхеттачара дийцира Кишин Кунта-Хьаьжин дахарх а, цуьнан тамашийначу кхолламах а лаьцна. Билгалдаьккхира Кунта-Хьаьжин а, кхечу эвлаяийн а беркат тахана а Нохчийчоьнах, нохчийн халкъах хьерчаш хилар.

Цул тIаьхьа маьждига чохь мовлад дийшира Делан Элча Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хестош. ДоIанца иза дерзийча, маьждигана хьалхарчу майданахь Хьаьжин мурдаша зуькар дира. Иза маьркIажан хан герга кхаччалц лаьттира.

– Тахана, мангалан (июль) беттан 11-чу дийнахь, вай даздеш дерг вайн сийлахь устаз Кишин Кунта-Хьаьжа (Дала къайле тойойла цуьнан) дуьнен чу ваьлла доккха де ду. Тахана республикерчу дерриге а маьждигашкахь вовшахкхеташ бу устазан мурдаш. Шайн устаз дага а лоцуш, назманаш олуш, зуькарш деш, Далла хастамаш беш Iамалш еш бу Хьаьжин мурдаш. Баккъал а, боккха болх бу хIара, – бохура муфтис Межиев Салахь-Хьаьжас.

Эвлаяъ Кишин Кунта-Хьаьжа вина де билгалдаккхарехь дакъалаца баьхкинчарна гайта «Нохчийчоьнан дог» маьждигехь гайтаме охьаехкина яра устазан ассараш. Царна юкъахь яра цо лелийначу духарх йолу хIуманаш, байракх, цуьнан Iаса, кхиерш.

А.ВАХАЕВА
№52, мангалан (июль) беттан 12 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: