Лаьмнашкахь кхин а цхьа хазна

Кху аьхка схьаелла леринчарах ю Итон-Кхаьллан кIоштарчу ЧIиннахахь туристашна йина «Twin Towers» комплекс.

Аьрхачу Органан ши берд вовшахбоьзна юкъарчу гIишлоно.

Лаьмнийн кIоштана тIебоьдучу некъа йистехь йина гIишло тера яц лаьмнашкарчу гIишлойх, меттиган башхалла къагийначу ширачу бIаьвнех-м хIетте а.

«Twin Towers» Итон-Кхаьллан кIоштахь хьовха, ерриге а республикехь а башха гIишло хирг хиларан шеко яц.

Комплексан инвестора Мерлуев Iалис дийцарехь, комплекс яран Iалашо ю лаьмнийн кIошта хьовха, ерриге а республике а алссам туристаш а, хьеший а бахкийтар.

Карарчу хенахь кир-басаран белхаш дIабоьрзуш бу кхузахь. Ала деза, гIишлошъяран белхаш кхочушбеш кхечу регионашкара белхалой хилла ца Iаш, кхечу пачхьалкхашкара а говзанчаш бу, генарчу Хорватера а тIехь.

«Twin Towers»-хь дина даьлла VIP-номерш йолу хьешацIа, ткъа дехьарчу берда тIехь йина, юьртахь хуьлучу кегийчу цIенойн-коттедж, кхача буу меттиг, рагIу тайпа гIишлош.

Хьешийн-эцархойн таро хир ю меттигера сурсаташ эца, цуьнан дуьхьа схьайоьллур ю эко-маркетан туька.

Доцца аьлча, садаIа веанчунна оьшуш дерг дерриге а ду комплексехь.

Цул сов, туристийн таро хир ю къоман Iер-дахаран гIиллакхаш а, ламасташ а довза. Экскурсин гIуллакхаш кхочушдийр ду Къилбаседа Кавказехь а цхьаъ бен йоцчу ломан тархах яьккхинчу хьажаран зало.

Цул сов, говраш дукхаезачеран таро хир ю, царна тIехь буьйлабелла, Шара, Хима я Къоьзан-Iома тIекхача, лаам болчеран таро хир ю квадроциклаш тIехь хахкабала.

– Туристийн комплексехь хIинцалц вай долчохь ца хилла таронаш хир ю, – кхидIа дийцира I.Мерлуевс, – лаьмнийн басешкахь кечйина хIоранна лерина майданаш, цу тIе кхача ламешца хьаладовла дезар ду, цхьана майданахь – кечйина гIиргIизойн юрта, кхечанхьа – шеран муьлххачу а хенахь хинан процедурашна кечйина чара.

СадаIа луучарна бегIийла а, башха а ю комплекс йина меттиг, дуьненна а евзачу ЧIиннахарчу «Шала йинчу» бIаьвнашна лулахь. Органан ши берд вовшахбоьзна 67–68 метр йохалла йолчу тIайно.

Цул сов, дуьненаюкъарчу таллархойн «ICI» клубан декъашхоша а шаьш вайн лаьмнашка талла бахка лууш хиларан хьокъехь барт бина. Ала деза, Iали ша а ву оцу клубан декъашхо.

– ХIара комплекс ян йола а ялале, оха таллам бинера кху меттиган, – дуьйцу I.Мерлуевс, – дуьххьара тIебогIучу туристашна, хьешашна аьтто болу агIо хаьржира оха, хIунда аьлча садаIа вогIучун хьуьнна юккъерчу хьешацIийне кхача аьтто хир бац, цунна тIебогIуш некъ ца хилча.

Цул сов, гонахара Iалам а ду кхузахь башха. КIезигчух дац юьртарчу бахархошна белхан меттигаш хирг хилар а, хIинцале белхан итт меттиг ю кхузахь.

Кестта Итон-Кхаьллан кIоштахь схьайоьллур йолу «Twin Towers» туристийн комплекс кху кIоштахь ян леринчу кхойтта социальни объектех цхьаъ ю.

Теша лаьа, кхиерш а иштта мехала объекташ хирг хиларх.

Т.АЛИЕВА
№52, мангалан (июль) беттан 12 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: