МогашаллаIалашъяр – кхиаран новкъахь

МогашаллаIалашъяран шо юккъе дахана. ХIун дан ларийна? ЖамIаш дан хьалхе ду я дац? Iалашонашка кхача герга ду я дац?

Цунах а, кхечунах а дерг дуьйцуш «Даймохк» газетан ларам беш, леррина интервью елира Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министра Сулейманов Эльхана.

– Лараме министр, АллахIа къобалдойла хьан Iумрат! Iабдуллин Эльхан, дукха хан йоццуш, вайн пачхьалкхехь маьIне хилам хилира, Россин Федерацин Президента Путин Владимира ма-ярра йолчу эфирехь къамел дира. Цигахь дийцаре динчу гIуллакхашна юкъахь Президента къаьсттина билгалъяьккхинарг могашаллаIалашъяран хьаьрма яра. Путин Владимира, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана болх нийса дIахIоттор бахьанехь, Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран хьаьрмахь баьхначу кхиамех лаьцна а элира. Вайн республикехь МогашаллаIалашъяран шо дIакхайкхорца доьзна кхочушдинчух а, дан леринчух а лаьцна ахь дуьйцийла лаьара тхуна.

– Баркалла. Дела реза хуьлда шуна! ХIаъ, иштта ду иза. Россин Президента Путин Владимира ма-ярра йолчу эфирехь билгалдаьккхира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьош болу болх эвсаре а, нийса а хилар бахьанехь, вайн республикин могашаллаIалашъяран хьаьрма кхиорехь дика жамIаш хилар.

Министерствон куьйгалло дIахьочу белхан Iалашонех коьртачех цхьаъ ю республикин медико-санитарни хьалхара гIо даран службин болх кхиор, иза хила безачу тIегIане хьалабаккхар. Оцу декъехь дIахьош болу болх кхин а алсамбоккхур бу оха. Масала, хIокху шарахь йийр йолуш ю керла 9 фельдшерийн-акушерийн пункт.

2017–2018-чуй шерашкахь Нохчийчоьнан медико-санитарни службин болх меттахIоттош белхаш бира, цхьана дашца аьлча, оцу декъана «переформатировани» йира оха. Россин Федерацин могашаллаIалашъяран министерствон омранца кхочушбина бара и болх.

Цхьа бIе сов вахархо волчу меттигашкахь фельдшерийн-акушерийн пунктех (ФАП-х) лоьрийн амбулатореш йина. Цундела ФАП-ийн барам лахбелла. И сеть кхиош беш болх бу.

Говзанчаш тоьаш бацахь а, тхайн ницкъ ма-кхоччу, медико-санитарни хьалхара гIо даран службин белхан дикалла лакхаяккхаран Iалашонца дIахьош болу болх тидамехь латтош ду тхо.

Бахархошца дIахьош болу профилактикин болх а малбеш бац.

– Республикин бахархошна юкъахь диспансеризаци яр юкъах ца долуш, дика дIахьош ду. Ур-атталла культурин мероприятеш дIахьочу меттигашкахь, адам гулдаларх а пайда оьцуш, бахархошна диспансеризаци еш гина массарна а. Масала, «Бенара бIаьсте» республикин фестиваль дIахьош а йоккха акци йира. Бахархошна юкъахь профилактика дIаяхьаран балхах лаьцна хIун эр дара ахь?

– Цамгаршна профилактика яр – иза могашаллаIалашъяран белхан коьртачу декхарех цхьаъ ду. Бахархой шайн могашаллин хьал толлуш хила безарх а, диспансеризацех а, корматаллин талламех а уьш чекхбовлуш хила безарх а дуьйцуш, кхетошкхиоран балхана а боккха ницкъ тIебохуьйту оха.

Йоккха акци дIаяьхьира министерствос «Бенара бIаьсте» фестивалан гурашкахь бахархошна а, фестивалан хьешашна а диспансеризаци еш. Вайн республикера а, ткъа иштта, Россин гIаланашкара а медицинин лерринчу машенашкахь лаборатореш ялош схьабаьхкинчу лоьраша-говзанчаша жигара дакъа а лецира цигахь.

Цул сов, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун беркатца, тхан министерствона а, Россин Федеральни медико-биологин агентствона a юкъахь хиллачу бартаца вайн республикина мобильни (чкъургаш тIехь йолу) клиника елла.

Оцу аьттонца, хIокху аьхка хьаьттан (август) баттахь дуьйна лоьрашка республикин мел геннарчу кIошташка дIасабоьлхуш, бахархошна диспансеризаци ялур ю, терахьашца аьлча, лаххара а 100 стагана тIера 1 000 стаг юкъа а лоцуш.

Иштта гIуллакх даро шен беркат лур ду, лар юьтур ю бахархойн, шайн могашаллаIалашъярехь само еш, синкхетам совбаккха.

– МогашаллаIалашъяран керла гIишлош ярехь бинчу балхах лаьцна ахь мелла а алсам дуьйцийла лаьара тхуна ахь.

– 2019-гIа шо Нохчийчохь МогашаллаIалашъяран шо хиларца доьзна, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тIедахкарш кхочушдеш дIахьош бу оха тхайн болх.

Медицинин керла объекташ схьайоьллуш, тишъеллачу гIишлошна капитальни ремонташ йойтуш къахьоьгуш ду тхо. Оцу балхаца цхьаьна бахархойн медицинин хьашташ кхочушдар эвсарадаккхаран болх а тидамза ца буьту оха.

ХIокху шарахь Соьлжа-ГIалин берийн №1 йолчу поликлиникин филиал схьайиллина, Соьлжа-ГIалин №4 йолчу больницин родильни-гинекологин блок а, Соьлжа-ГIалин №1 йолчу медицинин сихачу гIоьнан больница а схьайиллина.

Кестта схьайоьллур йолуш ю Гуьмсан гIалин поликлиника. Цигахь цхьана сменехь 500 дархочун хьашташ кхочушдалуш, дика хьелаш хирг хиларх тешна ду вай.

Цул сов, психиатрин ши больница а тойина, керла корпусаш а еш. Цхьаъ Гуьмсан кIоштарчу Дарбанхихь, важа ТIехьа-Мартан кIоштарчу СемаIашкахь ю.

Соьлжан а, Курчалойн а кIоштийн коьрта больницаш схьаелла кечаман белхаш дIахьош бу карарчу хенахь.

Хьелаш дика хиларо доккха гIо дийр ду вайн республикин могашаллаIалашъяран хьармин дакъош кхиорехь.

– Дукха хан яц вайн республикин бахархой шайн могашаллин баланаш эцна луларчу республикашка а, Россин кхечу регионашка а лелла, ткъа хIинца шайна дарбанаш дайта Нохчийчу богIу, луларчу хьовха, Россин тайп-тайпанчу регионашкара а нах. Нохчийчохь дуьненан тIегIанехь зеделларг долу лоьраш бу хIинца болх беш. Делахь а, лоьраш цатоар къелла, йоккха юй медицинин учрежденешкахь?

– Хууш ма-хиллара, Нохчийчохь тIемаш хилар бахьанехь, республикин бахархойн махках бовла дийзира. Амма, зама хийцаяларца цхьаьна, хьелаш а, таронаш а хийцалуш хуьлу. Иштта ю медицинин хьаьрма а. Медицинин цхьайолу агIонаш луларчу субъектехь йолчул а дика а ю, сиха кхуьуш а ю вайн.

Тойина медучрежденийн техникин база, Федеральни центраца йолу юкъаметтигаш дIанисйина, Россин медицинин тоьллачу клиникашца, больницашца гергарлонаш, уьйраш тесна вай, тIаьхьарчу хенахь Хонкарарчу а, Корейрчу а лоьрашца, медицинийн яккхийчу туьшийн куьйгалхошца барташ бина, вайн больницашкахь дархойн хьашташ кхочушдаран служба кхиоран Iалашонца.

Вайн лоьрийн хаарш шордеш, зеделларг алсамдоккхуш конференцеш, семинараш, вабинареш йо дозанал арахьарчу лоьрашца, цул сов, нохчийн лоьраш шайн говзалла лакхаяккхийта кхечу пачхьалкхашка стажировке а бохуьйту.

Дархочо республикин, пачхьалкхан дозанал арахьа дарба лахар дика ду, нагахь санна цуьнан гIуллакх билггал а вайн республикехь кхочушдалуш дацахь.

Министерствос ша а гIо до хьал кхераме, чолхе долу дархо гена дIавигна дарба дан оьшуш меттиг хилча. Амма кест-кеста нисло вайн республикехь дарба далуш делахь а, бахархоша арахьара гIо лоьхуш, харжаш еш меттигаш.

Цундела вайн бахархошна меттигерчу медицинин учрежденийн таронаш а, лоьрийн хьуьнарш а довзуьйтуш болх дIахьо оха. Ткъа медицинин белхахой тоьаш цахиларан проблема вайн цхьана республикехь хилла Iаш яц, Россин ерриге а регионашкахь а йолуш ю, Москва а, Санкт-Петербург а йоцчохь.

Оцу проблемах хьалхадовларан Iалашонца министерствос дIахьош боккха болх бу Нохчийн пачхьалкхан университетан медицинин институтан куьйгаллица.

Медицинин белхахой тоьаш боцчу говзаллашна студентийн тидам тIебахийтаран Iалашонца мероприятеш а дIахьо, дешна бевлла студенташ дIасахьовсош, царна белхан меттигаш а нисйо.

Иштта, Соьлжа-ГIалин медицинин колледжан куьйгаллица а зIе латтайо. Ницкъ ма-кхоччу, медицинин учрежденешкахь лоьраш цатоаран проблема ца хилийта хьовсуш ду тхо.

– Шен дахар медициница доза кечлушверг хIун амалш йолуш хила веза? Дукха хан йоццуш, лоьрашна аккредитаци ярехь дакъалоцуш хьо варий а хаьа тхуна.

– Уггаре а хьалха, медицина хаьржина, шех дика лор хила лууш, новкъа волуш верг оцу Iалашоне кхача йина ондда чIагIо йолуш хила веза. Деша болу лаам боккха болуш, шен хаарш тIедузуш, низам лардеш некь бан беза цо. Медицина – хала, чолхе хьаьрма ю.

Лоьран дика амалш: хаарш дика хиларал сов, къинхетам, доглазар, комаьршалла ю, ткъа хаарш лаккхара хила дезаран шеко янне а яц. Дика лор хила Iалашо юьхьарлаьцначух дика лор хилало эр дара ас.

– Къона лоьраш республике цIаберзоран а, медицинин дешаран заведенешкахь керла говзаллаш Iаморан а гIуллакхаш дуй дуьйцуш?

– Вайн республике хIокху тIаьхьарчу шерашкахь къона говзанчаш баьхкина ца Iаш, хилла бевлла, шайн цIе йолу говзанчаш а балийна цIа.

Ш.Эпендиевн цIарах йолу Республикин клиникин больница схьайиллича, цига а, Республикин онкологин диспансере а, Гуьмсан кIоштан больнице а вайн дуккха а къона лоьраш баьхкина кхечу регионашкара а тоьлла лоьраш а балийна, шайн декхарш дика кхочушдеш, уьш тахана а вайца къахьоьгуш бу.

Вуьшта аьлча, вай кийча ду кхечанхьа дешна цIабогIучу къоначу говзанчийн гIуллакхе хьовса.

Кхин а дукха лоьраш бу Нохчийн Республике бахка кийча, хIунда аьлча, республикин медицинин хьаьрмера хьелаш тодеш, республика хазъеш, къахьоьгуш Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан ву.

– Баркалла хьуна, тхан хаттаршна, иштта, кхетош, кхачам боллуш жоьпаш даларна. ХIинца «Даймохк» газетан дешархошка хIун эр дара ахь, цаьрга хIун кост дийр дара ахь?

– Вайн дешархошка а, бахархошка а шайн могашалла Iалашъеш, хила тарлучу цамгаршна шен хеннахь профилактика йойтуш, лоьрана тIекхача дезаран декхар геннарчу «тIорказа» чохь ца латтош, сема хила ала лаьара суна.

Шен хеннахь йина профилактика иза шен хеннахь даьккхина орца ду.

Могаш-маьрша хуьлда шун Iер-дахар!

Интервью нохчийн матте гочъеш, зорбане кечйинарг – З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№52, мангалан (июль) беттан 12 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: