Пачхьалкхан цхьааллин экзамен дIаяларехь тоьлларш

Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу Соьлжа-ГIаларчу №1 йолчу гимназин дешархоша, Пачхьалкхан цхьааллин экзаменашкахь лакхара баллаш яхарца хьалхара меттиг яьккхина, республикин ерриге а школашна юкъахь.

Алссам дешархошка коьрта экзамен лаккхарчу кхиамашца дIаялийтарехь доггах къахьегна школин куьйгалла а, хьехархой а, иштта, дешархой-арахецархой а декъалбеш, 11 класс чекхъяккхаран тоьшаллин кехаташ дIалучу «Iодикайойла, школа!» цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министр Байханов ИсмаьIал.

11-чу классехь оьрсийн меттан Пачхьалкхан цхьааллин экзамен берриге а дешархоша дIаелла.

Цул сов, оцу экзаменехь цхьана дешархочо 100 балл а, веа дешархочо 90 сов баллаш а яьхна.

Профилан математикин Пачхьалкхан цхьааллин экзамен 97 процент дешархоша дIаелла, царна юкъахь уггаре а лакхара балл – 84, ткъа базин математикин экзамен дIаеллачу 99 процент дешархойх веамма лакхара 20 балл яьккхина.

86 процент дешархоша шайна юкъахь лакхара 86 балл йолуш химин предметан а, 65 процент дешархоша лакхарчу 84 баллаца биологин предметан а экзаменаш дIаелла.

Историн предметан экзамен 87 процент дешархоша дIаелла, царна юкъахь цхьана дешархочо 100 балл яьккхина.

Обществознанин экзамен 72 процент дешархоша лакхара 84 балл а йоккхуш, дIаелла.

Физикин предметан экзамен берриге а дешархоша дIаелла, лакхара балл – 76.

Информатикин предметан экзамен лакхара 83 балл а йолуш, 77 процент дешархоша дIаелла.

– Пачхьалкхан цхьааллин экзаменна цхьа бIе сов дешархо кечвеш аш дуккха а къахьегна. Школин куьйгалло а, 11-чу классийн хьехархоша а, экзаменаш дIаяла езачу предметийн хьехархоша а, берийн дай-наноша а доггах къахьегарна, республикехь хьалхарчу меттехь ю алссам лакхара баллаш йолу дуккха а дешархой болу шун гимнази. Россехь а тоьлла школа ларалуш ю хIара. Шо шаре мел долу, болх кхин а тобеш, дешаран дикалла лакхайоккхуш къахьоьгуш ду шу. Аш, хьехархоша, кхиош ерг вайн мехкан кхане ю. Дела реза хуьлда шуна! Дахаран керлачу новкъа довлучу берийн а некъ дика хуьлда!, – элира Байханов ИсмаьIала.

Школа чекхъяьккхинчарна тоьшаллаш дIаделира министра, иштта, церан хьехархошна а, гимназин директорна а совгIаташ а дира.

ВЕГИЕВА Макка
№52, мангалан (июль) беттан 12 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: