Хьалхара меттиг яьккхира

ХIокху деношкахь Гуьмсан кIоштарчу Нойбоьрехь дIаяьхьира кегийрхошлахь паргIатчу кепара охьатохархлатарехула хьалхеяккхаран республикин турнир.

Къийсадаларш шина дийнахь дIадаьхьира. Цигахь дакъалоцуш бара РСШ-н спортсменаш.

Хьалхара меттиг яьккхира РСШ-н къоначу спортсмена Картаев Iабдуллас (52 кг.).

Ша оцу кхиаме кхачийначу шен тренерна даггара баркалла боху Iабдуллас. Иза ву Р.Сулейманов.

Кестта хинйолчу СКФО-хь хьалхеяккхаран турнирехь дакъалаца кечам беш бу РСШ-н спортсменаш, царна юкъахь Каратаев Iабдулла а ву.

З.ШИШХАНОВА
№52, мангалан (июль) беттан 12 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: