Нохчийн меттан денна лерина литературин тоьллачу балхана конкурс д1акхайкхайо Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу з1енийн, зорбанан, хаамийн министерствос а, Нохчийн Республикин Яздархойн союзо а.
Конкурсан коьрта 1алашо ю къоначу яздархойн кхолларалла йовзийтар, язъяран говзалла лакхаяккхарехь царна г1охилийтар.
Конкурсехь дакъалацаре кхойкху 35 шаре кхаччалц хан йолу къона яздархой.
Толамхой билгалбохур бу шина номинацехь:
1.Проза
2.Поэзи
Конкурсе схьаоьцу 2014-чуй, 2015-чуй шерашкахь зорбанехь хилла белхаш (х1ора авторера цхьацца произведени).
Белхаш схьаоьцу 1-чу апрелера 10-г1а апрель кхаччалц х1окху адресца: Соьлжа-Г1ала, Пушкинан урам, 6, Нохчийн Республикин яздархойн союз.
Вовшахтохараллин комитет