«Даймохк» ансамбль – Францехь

Францехь дIахьочу Дуьненаюкъарчу берийн шина фестивалехь дакъалоцуш ю М.Эсамбаевн цIарах йолу иллийн а, хелхарийн а пачхьалкхан берийн «Даймохк» ансамбль.

Фестивалаш, вовшах а тоьхна, дIахьош ю Францин Сен-Мексан-лЭколь гIалин Берийн фольклорийн ансамблийн конкурсийн дуьненаюкъара Ассоциаци.

«Машаран бераш» цIе йолу хьалхара фестиваль дIайолийна мангалан (июль) беттан 10-чу дийнахь Сен-Мексан-лЭколь гIалахь. Иза лаьттар ю хIокху беттан 15-гIа де тIекхаччалц. Ткъа 17–23-чуй деношкахь Эспелет гIалахь дIахьур ю шолгIа фестиваль.

Дуьненан дукхахйолчу пачхьалкхашкара берийн ансамблаш ю оцу фестивалашкахь дакъалоцуш. Нохчийчуьрчу бераша цигахь дакъалоцуш хилар дерриге а нохчийн халкъана дозалла ду.

Кхечу къомах болчу нахана дагахкхетаза дуьсуш дац нохчийн хелхар. Дуьненаюкъарчу фестивалашкахь гайта кечйинчу программи юкъахь ду «Кегийрхойн дахар», «Доьналла», «Хьозарчий», «Жималлин зама», «Нохчийн амал», «Кура бал» хелхарш.

Фестивалашкахь дакъалацарал сов, нохчийн халкъан хелхаран мастер-классаш а дIахьур ю ансамблан артисташа.

Кхечу къомах болчу шайн нийсархошца гергалонаш тасийта а, шайн-шайн халкъийн культураш вовшашна бераша йовзийтархьама а, кху дуьненахь дехаш долу дерриге а адамаш, цхьа доьзал санна, барт болуш, машарехь даха дезаш хилар кхане шайгахь йолчу берашна гайтархьама а, хаийтархьама а дIахьош ю фестивалаш.

Дагадаийта лаьа: М.Эсамбаевн цIарахчу иллийн а, хелхарийн а пачхьалкхан берийн «Даймохк» ансамбло карарчу шеран асаран (июнь) баттахь 20 шо кхачаран юбилей язйира.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана дакъалецира оцу даздарехь.

Шен цIарах а, А-Хь.Кадыровн цIарахчу регионан юкъараллин фондан Президентан Несин Айманин цIарах а юбиляраш декъал а бина, Несин Айманис ансамблана даийтина 5 миллион соьман ахчанан совгIат дIаделира Р.Кадыровс.

«Даймохк» ансамблан директорна Ахмадова Айзина «Нохчийн Республикин культурин хьакъйолу белхахо» цIе елира, иштта, ансамбль кхоьлличхьана хьанал къахьоьгуш схьабогIуш болчу белхахошна Сийлахь цIерш а елира, совгIаташ а дира.

М.ГЕРЗЕЛИЕВА
№52, мангалан (июль) беттан 12 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: