Россин Федерацин «МогашаллаIалашъяр» къоман проектан гурашкахь Нохчийн Республикин Правительствос 2018-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 13-чу дийнахь тIеэцначу №347 йолчу сацамца, кхочушъеш ю «Онкологин цамгаршца къийсам латтор» регионан проект.
Йоккха, шуьйра программа ю оцу проектан, стратегин маьIна долу шен Iалашонаш кхочушъярехь дIабахьа безаш боккха болх болуш: бахархошца хаамийн болх дIабахьар (онкологин цамгар юьхьанцарчу тIегIанехь йолчу хенахь гучуяккхаран а, цунна шен хеннахь дарбадаран а, гIайгIа бан Iаморан а Iалашонца); дан дезачу дарбане хьаьжжина оьшуш долу финансийн гIо дар а; онкологин гIоьнан амбулаторийн туьшийн сеть схьаеллар; Нохчийн Республикин Онкологин диспансеран бахаман-техникин базин хьелаш тодар; онкологин службин говзанчашца кхачояр; регионан «Онкологин цамгарш йолчарна медицинин гIо дар вовшахтохар» коьрта хаамийн система юкъаялор.
Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министерствон пресс-службин хаамашца аьлча, 2019–2024- чуй шерийн регионан проект кхочушъян билгалйина финансийн харжаш 4 411 600 сом ду, цунах – 811 600 сом федеральни бюджетера а, 3 600,000 сом бюджетера а доцуш, кхечу меттигашкара (ФОМС) а ду.
«Онкологин цамгаршца къийсам латтор» проект, 2024-гIа шо тIекхаччалц, кхочушъяран Iалашонашна юкъадогIу: онкологин цамгарш хьакхаеллачу нехан кхалхарш лахдар, и цамгар гучуяьллачу шарахь нах кхалхаран барам цул хьалхарчу шарахь хиллачул сов ца хилийта ницкъ ма-кхоччу къахьегар; онкологи I–II-чуй тIегIанашкахь йолчу хенахь гучуяккхар 63 процентана тIедалор; юха а и цамгар кхеттачеран барам лахбар.
«МогашаллаIалашъяр» къоман проектан коьртачу декхарех ду онкологин амбулаторин гIо даран службин белхан хьелаш тодар а, церан сеть вайн республикехь шоръяр а. Юьйцуш йолу амбулатореш кIоштийн коьртачу больницийн буха тIехь йийр ю. Масала, хIокху 2019-чу шарахь онкологин декъехула керла 4 амбулатори схьайоьллур ю. Уьш хир ю: Гуьмсан, Шелан, Хьалха-Мартан кIоштийн коьртачу больницашкахь а, ткъа иштта, Соьлжа-ГIаларчу Онкологин диспансерехь а.
Оцу ерриге а амбулаторешна медицинин тоьллачу гIирсашца а, говзанчашца а кхачояр а, ткъа республикин Онкологин диспансерехь онкологина диагностика яран а, дарбадаран а хьелаш, тоьъачу барамехь а, тоьллачу техникица а хилийтар, цул сов, оцу цамгарна дарбалелор ядерни медицинин хьесапех пайдаэца аьтто болуш дIанисдар а ю проектан коьрта Iалашо.
Доцца аьлча, кIошташкахь схьайоьллур йолчу онкологин амбулаторешкахь а, республикин Онкологин диспансерехь а онкологин цамгарца вогIучу дархочунна гIоьнна оьшуш долу дерриге а хьелаш хилийтар а, бахархошна юкъахь оцу цамгарна профилактика яран болх жигарбаккхар а, кхузаманан медицинин тоьллачу техникица а, зеделларг долчу говзанчашца а кхачояр а ду Къоман проект кхочушъярехь дан дезаш долу коьртанаш.
Оцу проектан гурашкахь дийцаре дийр долуш ду республикин Онкологин диспансеран кертахь 300 дархочунна лерина керла корпус яйтаран гIуллакх а. Цигахь хир ю: коьртан хьен трансплантаци яран а, гематологин а, берийн онкологин а, гематологин а, реконструктиван-пластикин хирургин а, химиотерапин а, радиотерапин а, паллиативан медицинин гIоьнан а, дийнахь йолчу стационаран а, тIеэцаран а, клиникиндиагностикин лабораторин а отделенеш.
З.ЯХЪЯЕВА
№52, мангалан (июль) беттан 12 де, 2019 шо