ХIокху деношкахь Нохчийчу цIадерзийна Герггарчу Малхбалерчу мехкашкарчу тIеман къийсамашкахь дакъалаца бахана хиллачу дай-нанойн рогIера бераш – хIинца Иракъерчу набахтешкара цIадалийнарг 9 бер ду. Уьш, хIинццалц, Иракъерчу набахтешкахь шайн наношца дара.
Соьлжа-ГӀаларчу аэропорте царна дуьхьалбахара церан гергара нах а, Нохчийн Республикехь берийн бакъонашларъяран векал Хирахматов Хьамзат а.
Лакхахь билгал ма-даккхара, цӀадалийнарг 9 бер ду, шайх уггаре а жимачун 2 а, доккхачун 4 а шераш а долуш. Уьш бу: Умаева Самия, Жабаев Хьарис а, ХайруллахI а, Баширова Ханифа, Сирбиев Билал, Газиев IубайдуллахI а, Iабдурахьман а, Манкиев Iабдулкерим, Бачаева Iайшат.
Халахеташ делахь а, нохчийн мотт хууш а я цунах кхеташ а дац бераш.
Царна-м, бакъдерг дийцича, тӀом а, къизалла а, набахтеш а бен гина яц хӀинццалц. Ткъа церан наной… Церан наной Иракъерчу набахтешкахь бу: Иракъан Ӏедало уьш бехке бина Герггарчу Малхбалерчу мехкашкахь йолчу зуламхойн тобанашкахь жигара дакъалацарна.
Хирахматов Хьамзата билгалдаккхарехь, оцу берашна мел оьшуш долу гIо-накъосталла дийр ду Даймахкахь.
– Масех де дара и бераш Иракъера схьадалийна. Москварчу Сперанскийн цIарахчу медицинин талламан туьшахь дара уьш. Цигахь царна оьшуш долу медицинин гIо а дина, цул тIаьхьа бен Даймахка цIадерзийна дац бераш. И берриге а болх Нохчийн Республикин Куьйгалхочун дIадолорца а, тIедилларца а бина. Ас а, оцу берийн гергарчара а цунна доккха баркалла боху, – билгалдаьккхира Нохчийн Республикехь берийн бакъонашларъяран векала.
И.ИСЛАМОВ
№53, мангалан (июль) беттан 16 де, 2019 шо