НР-н Парламентан бIаьстенан сесси чекхъяьлла

Нохчийн Республикин Парламентехь республикин законашдахаран лаккхарчу Iедалан органан бIаьстенан сесси чекхъяларна лерина боьалгIачу гуламан 79-гIа кхеташо дIаяьхьира.

Билгалъяьккхинчу кхеташонехь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана, Парламентан Председатела Даудов Мохьмада, республикин Прокурора Абдул-Кадыров Шарпуддис, Правительствон декъашхоша, Парламентан депутаташа, кхечара.

Кадыров Рамзана депутаташна баркалла элира Нохчийн Республика кхиорехь дакъалацарна.

– Тахана вай дIахьош ю Нохчийн Республикин Парламентан бIаьстенан сесси ерзоран кхеташо. Вайн депутаташа бийриг боккха болх бу, цунна тоьшалла до гайтамаша. Иштта, хаамбаран-кхеторан болх дIабаьхьна 70 эзар гергга стагаца. Схьаэцна бахархойн 1 700 дехар, царех кхачам боллуш кхочушдина – 1 200, дисинчу дехарийн хьокъехь хьокъала доллу тIедахкарш дина. Иза вуно боккха болх бу, кхидIа бан безаш а бу, – элира республикин Куьйгалхочо.

Даудов Мохьмада республикин Куьйгалхочуьнга маршалла хаьттинчул тIаьхьа, чекхъяьллачу сессин муьрехь Парламентан депутаташа бинчу балхах лаьцна дийцира.

– БIаьстенан сессин муьрехь депутаташа законаш дахарехь боккхачу барамехь болх бина. Оха тIеэцна болу сацамаш регионан экономика а, социальни дакъа а кхидIа а кхиорехь мехала маьIна лелош бу. Парламентан балхахь коьртачарех ду бахархойн дахаран хьелаш тодарна, уьш социальни агIор ларбар лакхадаккхарна, церан Iер-дахар беркате хилийтарна тIехьажийна болчу Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан стратегин некъана бух латтон йолу мехала законопроекташ юкъаяхар, – элира М.Даудовс.

Цул тIаьхьа Парламентан депутаташа, цхьабарт хуьлуш, тIеийцира Нохчийн Республикин Курчалойн кIоштарчу юьртана Ахьмад-Юрт цIе тилларан хьокъехь болу сацам.

Цхьаьнакхетар дерзош, Парламентан спикера кхеташонехь дакъалаьцначарна баркалла элира.

Билгалдаккхар: 2019-чу шеран бIаьстенан сессин муьрехь Нохчийн Республикин Парламенто кхочушбина законашдахаран а, юкъараллин а кху кепара болх: дIаяьхьна Парламентан Советан 14 кхеташо, цигахь йийцаре йина Нохчийн Республикин 47 законопроект; дIаяьхьна Парламентан 15 кхеташо, цигахь тIеэцна Нохчийн Республикин 33 закон, Парламентан 102 сацам; иштта, йийцаре йина федеральни законийн 465 проект, Россин Федерацин субъектийн законашдахаран 34 дIадолор, РФ-н субъектийн 21 дIахьедар, тIетайна доцу федеральни законаш а, дIадолораш а – 3.

А.ВАХАЕВА
№53, мангалан (июль) беттан 16 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: