ДIадаханчу мукъаденошкахь Нохчийн Республикин пачхьенерчу «TheLocal» хьешацIийнехь дIаяьхьира совдегараллин а, инновацийн а гIолацаран дуьххьарлера дуьненаюкъара саммит.

Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхо Таймасханов ГIалас, Республикин Правительствон Председателан заместительш Магомадов Iабдул, Хакимов Хьасан, РФ-н Пачхьалкхан Думин депутат, «ГIуллакхаллин Росси» юкъараллин организацин президентан хьехамча Зубарев Виктор, Зайед Шайхан цIарахчу фондан коьрта директор Черхигов Адам, оццу фондан лерринчу проектийн а, инновацийн а декъехула директор Шениур Низар, РАКИБ-н (Криптовалютийн а, блокчейнан а Россин ассоциаци) президент Припачкин Юрий, Москвахь совдегарийн бакъонашларъяран йолу векал Минеева Татьяна, дуккха а кхиберш.
Нохчийн Республикин экономика кхиорна, экономикин, инновацийн декъехь зIенаш тасарна мехала цхьаьнакхетарш, гIуллакхаш дIадаьхьира шина дийнахь саммитехь.
Цунах а, саммитехь хиллачу мехалчу кхидолчу гIуллакхех а лаьцна, оха алссам дуьйцур ду газетан рогIерчу номерехь.
А.СУЛИМАНОВА
№53, мангалан (июль) беттан 16 де, 2019 шо