ТIехьа-Мартан коьртачу больницехь керла гIишло йийр ю

Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министр Сулейманов Эльхан шен заместительца Бичуев Лечица а, гIоьнчица Дудаев Муратаца а ТIехьа-Мартан кIоштан коьртачу больницехь хилира.

КIоштан коьртачу социальни объектан хьоле хьовса баьхкина министерствон куьйгалхой тIеийцира ТIехьа-Мартан кIоштан администрацин куьйгалхочо Хучиев Тамерлана а, кIоштан больницин коьртачу лоьро Чегарбиева Хьавас а.

Министр къамеле велира больницин коллективаца а, коьртачу лоьраца а.

Больницин отделенешкара болх а, белхан хьелаш а гинчул тIаьхьа, кIоштан бахархойн медицинин хьашташ кхочушдар тодарехь дан деза гIуллакхаш билгалдехира Э.Сулеймановс.

Больницин кертара санитарни хьал а, молханашца кхачояр а хила деззачу тIегIанехь цахиларна бехк баьккхира министра.

– Дукхахйолчу гIишлошна капитальни ремонт оьшу. Керла стационар ян езаш хьал а ду кхузахь. КIоштан администрацин куьйгалхочуьнца Т.Хучиевца дийцаре дира оха дан дезарш, тхайн ницкъаш цхьаьна а тоьхна къахьоьгур ду больницин кертахь керла стационар йойтуш а, хьелаш тодеш а, – элира Э.Сулеймановс.

Архиверчу суьрта тIехь: могашаллаIалашъяран министр Э.Сулейманов ТIехьа-Мартан кIоштан коьртачу больницехь
№53, мангалан (июль) беттан 16 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: