Бахархошна вакцинаци ян езарх лаьцна дийцира

Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министерствон коллегин кхеташонехь бахархошна вакцина ян езаш хиларан гIуллакх дийцаре дира министра Сулейманов Эльхана.

Министра дийцарехь, вайн республикехь вакцинаци дIаяхьарна гIоьнна вовшахтоьхна 120 бригада хир ю.

Вакцинаци яр берашна юкъахь дIахьош ду. Берашна полиомиелит цахилийта еш ю вакцинаци. Иза дIаяхьар Роспотребнадзоран Нохчийн Республикехула йолчу урхаллин №3 йолчу сацамца а, ткъа иштта, Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министерствон 2019-чу шеран мангалан (июль) беттан 1-чу дийнахь зорбане даьллачу №137 йолчу омранца а кхочушдеш ду.

– ХIара шо доладелча дIайолийначу вакцинацин хьалхара мур чекхбаьлла, таханлерчу дийнахь 2 500 стагана прививкаш йина, – билгалдаьккхира министра.

Цул сов, кхеташонан декъашхоша дийцира вакцинаци ца йойтуш, дуьхьалбовлучу бахархошна юкъахь кхеторан болх дIабахьа безаш хилар.

Бахархошна молханашца кхачояран хьолах дерг а хьахийра цигахь, цул сов, вайн республикехь перинатальни службин балхах лаьцна а дийцира.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№53, мангалан (июль) беттан 16 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: