КIайдарг, вайн республикин аренашца санна, лаьмнашкахь а кхуьуш ду. ХIутосург (май) баттера дуьйна гуьйренан шийла денош тIекхаччалц лаьтта иза. Медицинин Iалашонашкахь кIайдарг лахьор а, дакъор а дIадоладо бIаьста а, аьхка а. Иза декхначу дийнахь, тхи охьадоьжначул (дакъаделлачул) тIаьхьа лахьон деза.
КIайдарган зезагаш медицинехь шуьйра пайдаоьцуш ду. Царех кечдина мутт дика ду шелвеллачунна, бага йоьхначунна, стоматит, гингивит, тонзилит, ангина цамгарш йолчарна, легаш лозучарна. Лоьраша кIайдаргашца дарбанаш лелор хьоьху гастрит, зорха, искаьртик лозучарна, зорхина а, искаьртикна а даI долчарна.
ДоIах а, къаьхьаниг а, зорха а, чуьйраш а лозучарна чIогIа дика ду кIайдарг, дегаорам, Iаждарбуц, цица цхьаьна а иэйина даьккхина чай. Иза кху тайппана кечдо: цхьаьнаиэйинчу боккха цхьа Iайг бецашна цхьа стака кхехкаш долу хи тIедутту, 15 минотехь латтийтинчул тIаьхьа луьтту.
Юха, ах-ах стака молуш, Iуьйранна а, суьйранна а дIамолу.
КIайдаргаш боккхачу беа Iайгахь (10 гр) схьа а оьций, сирдиллинчу пхьегIи чу духку (дакъийна), царна 2 стака (200 мл) кхехкийна хи тIедутту. ПхьегIи тIе негIар туху, хин бани тIехь 30 минотехь дохдо (кхехкадо). Чохь йолчу температурехь 10 минотехь шелдолуьйту, тIаккха луьтту.
Молха дийнахь 2–3-зза молу хIума йиъначул тIаьхьа, цкъа молуш ах стака я стаканан кхоалгIа дакъа дIа а молуш. Цунах дика дарба хуьлу шелвеллачунна а, кийрахь лазарш долчунна а, метеоризм, чуьйна долчунна а. Иза дика ду бага кхарза а.
Вайн дай-наноша ширачу заманашкахь дуьйна кIайдаргах пайдаоьцуш хилла зорхина, доIахна дарбанаш лелош.
З.МАДАЕВА
№53, мангалан (июль) беттан 16 де, 2019 шо