Информатикин а, ИКТ-н а предметехула Пачхьалкхан цхьааллин экзаменна кечамбаран проект

Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министр Байханов ИсмаьIал цхьаьнакхийтира информатикин а, ИКТ-н а декъехула Пачхьалкхан цхьааллин экзамен дIаяла кечамбаран кIирандийнан дешаран проектан дакъалацархошца, школин лакхарчу классийн дешархошца.

Министерствон пресс-службин хаамашца, дешаран 2018–2019-чуй шерашкахь Соьлжа-ГIалин Дешаран туьшахь дIахьош ду кхушарахьлера выпускникаш информатикин а, ИКТ-н а экзаменна кечбаран гIуллакх. Республикин тайп-тайпанчу кIошташкарчу школийн дешархоша дакъалецира цигахь.

Проектехь дакъалаца заявкаш чуелларш компьютерни зерех чекхбевлира, цул тIаьхьа йолу тестировани кехат тIерчу тIедахкаршца йира Соьлжа-ГIалин пачхьалкхан мехкадаьттан техникин университетан прикладни хаамийн технологин институтехь.

ХIокху шарахь Пачхьалкхан цхьааллин экзамен информатикин а, ИКТ-н а декъехула дIаяла лаам хилларг республикин дешаран 154 организацера 400 дешархо вара.

Экзаменна кечамбарехь дакъалаьцначу дешархойн Пачхьалкхан цхьааллин экзаменан дика жамIаш, лакхара баллаш хуьлуш хилар билгалдаьлла.

Дагадаийта лаьа информатикин а, ИКТ-н а декъехула Пачхьалкхан цхьааллин экзаменна кечамбаран проект Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствос Соьлжа-ГIалин пачхьалкхан мехкадаьттан техникин университетаца цхьаьна 2016-чу шарахь дуьйна дIахьош хилар.

КIирандийнан дешаран курсашкахь дакъалоцу 11-чу классийн дешархоша а, хьехархоша а. Цигахь оцу предметехула шайн хаарш алсамдаьхна ца Iаш, экзамен дIаяларан низамах дерг а девза царна.

З.ХИЗИРОВА
№53, мангалан (июль) беттан 16 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: