Хьекъале политик, тешаме накъост

Нохчийчохь кегаелла еара ХХ–ХХI-гIий бIешераш хотталун зама. Дуьненах массара а дог диллинчу хенахь, Россин Федерацин Президента В. Путина Нохчийн Республикин Администрацин куьйгалле хIоттийра (Дала гIазот къобалдойла цуьнан) Кадыров Ахьмад-Хьаьжа. Иза Делан боккха къинхетам бара. Тахана а Кадыров Ахьмад-Хьаьжин беркат вайх хьерчаш ду. Ша куьйгалле хIоьттинчу хьалхарчу деношкахь цо аьлла дешнаш мерза кхаъ хилла дийшира хIора а нохчичун даг чу. «Со тIом сацо араваьлла вац. – Со, и тIом, массо а ханна, дIабаккха араваьлла ву», – элира цо. Иза иштта хила а хилира. Тахана нохчийн халкъе кхаьчна маршо а, паргIато а цунна къеггина тоьшалла ду.

Нохчийн Республикин куьйгалле Ахьмад-Хьаьжа дIахIоьттичахьана цуьнан тешаме накъост хилла схьавеара, тахана вайн республикин Парламентан вице-спикер волу Жамалдаев Шаид. Тахана иза вайн республикехь вевзина Iаш а вац. Ерриге Къилбаседа Кавказехь а, Россин дукхахйолчу гIаланашкахь а, кIошташкахь а вевза.

Ахьмад-Хьаьжас арабаьккхинчу некъана тешаме хиларца, шен халкъ а, дай баьхна латта а дезарца, хьаналчу къинхьегамца, доза доцчу хьуьнаршца вовзийтина ша Шаида.

Уггаре а халачу хенахь гучуделира иза Нохчийн Республикин политикин хьаьрмахь. Кадыров Ахьмад-Хьаьжас вайн махкара уггаре а йоккха кIошт шех тешийна, массарел хьалха кIоштан куьйгалле дIахIоттийра Шаид. Иза шена юкъа 26 юрт йогIу Грозненски кIошт яра. Нохчийчоьнан массо а маьIIехь санна, яккхий эрчонаш яра оцу ярташкахь. Цхьана агIор Iалхан-ГIала БараевгIара олалла деш, вукху агIор АтагIа, ЧIишка яра шайн ял йоцу «имамаш» дебийна мискачу адамашна балеяьлла.

Денна кIоштан администрацина тIекхоьхьуш шийла кхаьънаш дара, хьехархо вийна, милцо вийна, молла вийна, ламаз тIехь лаьтташ волу Iеламстаг вийна, юьртда вийна бохуш.

Жамалдаев Шаид кIоштан куьйгаллехь волуш, цхьана Iалхан-ГIалахь виъ юьртда вийра, царна юкъахь цхьа зуда – Умажева Малика а яра. ТIеман чалх , катоьхнна, дIаерзийна, шайн юьртахой маьрша бахийта лаар бен цу адамашкара даьлла хIума дацара.

Кадыров Ахьмад-Хьаьжас арабаьккхинчу некъана муьтIахь хилар дара оцу пекъаршкара «даьлларг» а, зуламхошна цадезарг а. Хала дара ишттачу хьелашкахь болх бан, чIогIа кхераме а дара. ТIера бедар яьккхина, когхецна, паргIат набарна товжа йиш йолуш зама яцара иза.

Суьйранна маьрша чувирзинехь а, иштта, могаш-маьрша ша сахуьленга вер ву аьлла цхьамма а дегайовхо кхобуш зама а яцара. ТIехIоьттинарг лан дезаш, собарца сатоха дезаш, бохамийн боданехь сацар доцуш, церга балда лаьцна, генна анайистал дехьа схьакъедачу серлонехьа дIагIерта везаш зама яра.

Ткъа дIагIерта доьналла оьшура. Нохчийн къоман баьччина Кадыров Ахьмад-Хьаьжина тешаме накъост хилла дIахIоьттинчу Шаидехь хиллера и доьналла. Бакъволчу нохчичун амал хиллера. Мел ирча денош кхачарх, цкъа а, цхьанна а ша воьхна ца гайтира Шаида. Иза даима а кийча вара массо а хIуманна, дIахьажийнначу дIаваха, тIедиллинарг кхочушдан.

Цхьана кIоштана куьйгалла дича волуш а вацара Ш.Жамалдаев. Нохчийн Республикин массо а кIоштан куьйгалхойн кхеташонан председатель а вара иза.

Цул сов, 2002-чу шарахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров АхьмадХьаьжин лаамца вовшахтоьхначу Консультативни Кхеташонан председатель а вара. Оцу Кхеташонан дIадолорца дIадолийра 2003-чу шарахь дIаяьхьначу референдумна кечамаш бар. Уггаре а хьалха, вовшахтуьйхира дIадолорхойн тоба, шена юкъавогIуш 47 стаг а волуш. Кечъян йолийра Нохчийн Республикин Конституцин проект.

Кадыров Ахьмад-Хьаьжин лаам кхочушбеш, Конституцин проект нохчийн маттахь язъеш яра. Оцу балхана юкъахь хиллачарна хууш ду референдумна дуьхьал берш кIезиг ца хиллий а, цаьрца хиллачу цхьаьнакхетаршкахь а кхеторан къамел дан дезаш хиллий а. Цара дуьхьал деттарг вайн махкахь боьдуш тIом хилар дара. Ткъа и тIом сацо цхьа гечо каро дезаш хиларх а, референдум а, цигахь тIеэца лерина Конституци а машаре боьдучу некъан цхьа га хиларх а царна кхета ца лаьара.

Бакъду, Шаид къамел дан волавелча массеран шеконаш дIайовлура, мел чIогIа дуьхьал хилларш а тIебоьрзура. Цкъа а девне хилла вац Жамалдаев Шаид. Къамелана говза ву. Нохчийн маттахь а, оьрсийн маттахь а цхьабосса дика до цо къамел, мерзачу Iаьнарца, бакъдолчунна милла а тIеверзош, шех тешош, нохчийн къоман зовкхечу кханенах дегайовхо кхуллуш.

Цул сов, деш долу къамел а, дан лерина гIуллакх а, цкъа а, галаморзах ца долу цуьнан. Цундела цо аьллачуьнга ладугIу. Иштта, цхьанаэшарехь массаьрца дIаваха хаар, стагехь собар а, хьекъал а хилар ду. Вайн халкъана тIе хала денош хIиттинчу муьрехь, цо хаа а хаийтира нохчийн къоман тешамечу воIа Ахьмад-Хьаьжас арабаьккхинчу беркатечу некъана тешаме накъост ша хилар.

Цунна къеггина тоьшалла ду 2003-чу шарахь, Шаида, хаддаза туьйсучу кхерамех озавалар доцуш, доьналлица гездина турпала некъаш. Нохчийн Республикин Конституцин проектан текст эцна Кадыров Ахьмад-Хьаьжас Саратове вахийтира иза и Конституци цигахь зорба тохийта.

ДIавоьдуш, машенаш вовшахкхетта, некъахьовзам хилар бахьанехь, чIогIа лазийна хиллера Шаид. Амма шена тIедиллинарг массарна юьхькIам боллучу кепара кхочушдина, йиллинчу хенахь, вайн Конституцин проект Нохчийчу еара цо. Иштта ву-кх Жамалдаев Шаид. Бух боцу хIорд санна, кIорггера хаарш ду цуьнгахь. Цунна дика евза нохчийн къоман истори, культура, литература.

Ира хьекъал долуш стаг ша хиларе терра, Шаидан уллера гергарло ду вайн республикерчу поэташца, яздархошца, артисташца, суьрташдахкархошца. Деган комаьршалла ю иза, ламанах долу шовда санна, ойла сирла хиларна тоьшалла ду.

2013-чу шеран товбецан (сентябрь) баттахь Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр хIоттийра Шаид.

Бакъдерг билгалдаккха догIу, юьхьанца, журналисташ мелла а цецбевллера цунах. Амма, масех бутт балале, Шаида хаийтира стаг даржо хазвеш цахилар, стага муьлхха а дарж хаздеш хилар, и стаг шен меттехь велахь, тIедиллинчу гIуллакхах иза дог лозуш велахь.

Цкъа хьалха, шуьйрачу хаамийн гIирсийн массо а редакцехула чекхвелира керла министр, белхахойх бIаьрг а тухуш, царна ша а вовзуьйтуш. ТIаьхьа, массо а журналист актови зала чу кхайкхина, дагавелира, шена хетарг олуш, хила дезарг хьахош, болх кхидIа а тобина, лаккхарчу тIегIане баккха безаш хиларх кхетош.

Цу дийнахь журналисташна билгалделира Шаид Нохчийн Республикин шуьйрачу хаамийн гIирсашна хийра стаг цахилар. Цунна дика бевзара яздечеран кхиамаш, лазамаш, толамаш, кхачамбацарш. ТIаьхьарчу хенахь нохчийн маттана хуьлуш йолу гIело а шера гуш хиллера керлачу министарна.

Йолчу таронца, ненан маттана гIоьнна экспертни кхеташо а вовшахтуьйхира цо Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствехь, маттаца болх беш болу хьуьнаре Iилманчаш юкъабалош. Министерствон балхана Жамалдаев Шаида юкъадалийначу керлачех дара шуьйрачу хаамийн гIирсийн эстафета. Эстафетин цIе «Нохчийн Республикин газеташ а, журналаш а хIора хIусаме» яра.

Вайн махкара цхьацца кIошт билгалйоккхуш, ерриге а кIошташкахула чекхбевлира газетийн а, журналийн а белхахой гергарлонийн зIенаш бахархошца дIатосуш, шайн белхан хьелаш царна довзуьйтуш. Оцу эстафетех доккха беркат делира. Делахь а, Шаид кхечанхьа балха хьажийча, милт яьгна чиркх санна, «дIаяйра» эстафета.

Шаид цкъа а вацара цхьана хIуманна тIехь мало еш. Дан дезарг, кхана малх схьакхетар бацахь а, дина юьстахдоккхуш, и гIуллакх дина карадайта карахдолуш, ницкъкхочуш, доьналла долуш ву иза, мел йоккха хало шена хиларх, и хиллий цхьана а дена ца хоуьйтуш. Нагахь санна, хиллехь а, шена хилла вас генна синкIоргенехь хьулйой, халкъана, махкана оьшуш дерг дан хууш а, деш а ву Шаид.

Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентана, Россин Турпалхочунна Кадыров Ахьмад-Хьаьжина ма-хиллара, цуьнан кIантана Рамзанна муьтIахь ву Ш.Жамалдаев. Нохчийн къомах, нохчийн кхерчара схьаваьлла ву иза.

Дуьненчу валар 1954-чу шеран мангалан (июль) беттан 8-чу дийнахь генарчу Къилбаседа Казахстанан Конюховн кIоштарчу Октябрьски юьртахь хилла цуьнан. Сталинан хьадалчаша вайнах махках баьхна, 13 шарахь дай баьхначу лаьттах хьегийна зама ю иза.

1957-чу шарахь цIадерза бакъо яьлча, кхиболу вайн махкахой санна, шен боккха доьзал балош, Шаидан да Ваха дай баьхначу нохчийн ширачу юьрта Аьхкин-Борзе (Правобережное) цIавирзира. Хьалхарчу классе деша а шайн юьртарчу школе вахара иза 1961-чу шарахь.

1971-чу шарахь кхиамца школа чекхъяьккхина, лакхарчу дешаран кхерчахь деша ойла йолуш вара жима стаг, амма дагахь доцуш, беанчу бохамо Iовжийна, цхьана ханна, дIататта дийзира цуьнан и ойла. Шаидан еа йишех цхьаъ Терка чу яханера. Цо чIогIа хала лайра и бохам. Бехха лелийра цо хеназа кхелхинчу йишин лазам, хаддаза дагехь лаьтта ов дIа ца долуш.

Делахь а, 1972-чу шарахь Соьлжа-ГIаларчу Мехкадаьттан институте деша вахара иза. Амма ойла цхьана а кепара дешарна тIе ца йоьрзура. Мехкадаьттан институтехь мел дуьйцург, мел хьехориг хийра хетара цунна. Цундела, дешарна юкъах а ваьлла, шайн юьртарчу колхозе балха вахара Шаид.

Колхозехь бухгалтеран даржехь болх беш вара Шаидан да Ваха. КIентан аьрха бералла коьртачу декъана колхозан аренашкахь чекхъяьллера. Шаидан чIогIа самукъадолура тракторех, комбайнех, юьртабахаман кхийолчу техникех. Иштта, дукхабезара механизаторш а. Къонахийн корматалла хетара цара караерзийнарг.

Дийнахь а, буса а балхахь бохку уьш доьналла долуш адамаш хетара. Оцу бехке йоцчу ойланаша валийра вайн турпалхо Буру-ГIаларчу Юьртабахаман институте деша.

1978-чу шарахь кхиамца Къилбаседа Кавказан Ламанхойн юьртабахаман институт чекхъяьккхина, Нохчийчу цIавирзира агрономан корматалла караерзоран хьокъехь долу тоьшалла (диплом) кисанахь а долуш.

Институт чекхъяьккхина вара аьлла, Советийн эскарехь гIуллакх дарна пе тоха а ца гIоьртира иза. Цу заманахь догIуш ма-хиллара, шина шарахь бIаьхаллин некъаш гездира цо.

1979-чу шарахь, эскарера цIавирзича, Нохч-ГIалгIайн Республикин агро-химин лабораторехь лакхарчу агрономагрохимикан даржехь пхеа шарахь болх бира.

Тайп-тайпана бу цул тIаьхьа цо бина белхаш, коьртачу агрономан даржера совхозан директоран дарже кхаччалц. Амма ша миччанхьа балхахь хилча а, цо цкъа а диц ца дина ша нохчи хилар. Халкъан а, мехкан а зовкх дебон лууш, хьанал ваьцна Шаид. Халкъана, махкана оьшучохь цкъа а ша кхоийна вац.

Мел луьрачу зерашна тIенисваларх, доза доцчу собарца чекхваьлла, яхь дIа ца луш, доьналлех ца вухуш. Шаид санна волчу къонахах олу халкъан тешаме воI. Ишттачу къонахийн хьуьнарша къагийна, серлаяьккхина Нохчийчоь, тахана хазачу йоIал хазъелла дIахIоьттина.

ХХ–ХХIгIий бIешараш хотталучу муьрехь Нохчийчоьнах хьаьрчина буьрсачу тIеман цIе яйарехь а, тIамо дакъазадаьккхина, доккхачу дуьненан массо а маьIIехула даржийна нохчийн халкъ цIадерзорехь а Кадыров Ахьмад-Хьаьжина тешаме накъост хилла чекхбевллачу къонахех цхьаъ ву Шаид.

Нохчийчоь машаречу новкъахь чIагIъярехь, таханлерчу Нохчийн Республикин Куьйгалхочунна, Россин Турпалхочунна Кадыров Рамзанна ондда гIортор хилла схьавогIуш а ву иза. Къилбаседа Кавказан политикашна юкъахь а тоьллачарех цхьаъ ву Жамалдаев Шаид. Шен сица, цIийца хьанал къинхьегамхо хилла волу иза, луьрачу замано а, нохчийн халкъана тIебазбеллачу бохамаша а вина политик ву.

Ведда воьдушшехь Iемина политик а вац, кIорггера и Iилма Iамийна, шен экамечу сица литтина, балха тIехь алссам хиллачу зеделлачуьнца дуьстина, дуьйцина хилла политик ву. Цунна къеггина тоьшалла ду Саратоверчу социалан-экономикин университетехь 2006-чу шеран хIутосург (май) беттан 23-чу дийнахь чIагIйина политикин Iилманийн кандидатан диссертаци.

Тахана Нохчийн Республикин Парламентан Председателан, Россин Турпалхочун Даудов Мохьмадан заместитель волчу цо куьйгалла деш парламентан ши комитет ю. Налогаш, банкаш, бюджет юкъалоцуш цхьа комитет ю, шен коьртехь Бисаев Iийса волуш.

ШолгIачу, Нагаев Iадлан коьртехь волчу комитето юкъалоцу парламенташна юкъара зIенаш, къоман, хаамийн политика, юкъараллин организацешца йолу юкъаметтигаш. Даима санна, шена тIедехкинчу декхаршца дика ларош схьавогIуш ву иза. Дукха адам гIерта цунна тIе, шайн лазамаш, сингаттамаш, гIайгIанаш йохьуш. Царна массарна хан каро а, цаьрга ладогIа а, йолчу таронца гIо-накъосталла дан а хьожу иза.

Цкъа а, цхьа а догдоьхна ара ца ваьлла цуьнан кабинет чуьра. Цуьнан кабинетан наьIарш даима а йиллина ю, цуьнан комаьрша дог санна. Дийцина ца валлал дукха ду цо нохчийн халкъан, мехкан духьа дина диканаш. Iедало а тидам боцуш ца битина цуьнан хьанал къинхьегам. Вайн махкахь уггаре сийлахь а, еза а лоруш йолу «Кадыровн орден» елла цунна 2005-чу шарахь.

2008-чу шарахь дуьйна «Нохчийн Республикин сийлахь гражданин» а ву иза. Ткъа 2004-чу шарахь Россин Федерацин Президентан Указаца «ДоттагIаллин орден» елла Жамалдаев Шаидана. Дукха мидалш а елла, сийлахь цIерш а техкина цунна.

Делахь а, цунна массо а хIуманал мехала хеташ берг халкъан безам бу. Цо иза хIайкал санна, ларбеш бу, къамелехь а, дечу гIуллакхашца, дIа мел боккхачу когаца а.

2019-чу шеран мангалан (июль) беттан 8-чу дийнахь 65 шо кхаьчна цуьнан. Шаид санна волчу къонахчунна дукха хан яц иза. Политик гIеметтахIутту хан ю.

Веза-Воккхачу Дала оьмар яхйойла цуьнан! Нохчийчоь къагош серлайохучу диканаша воккхавевойла иза! Бевза-безачийн марзонан шовда ма лекъийла цкъа а цуьнан дахарехь! КхидIа а Нохчийчоьнан дуьхьа ваха, ваца Дала хьуьнар, ницкъ, могашалла лойла цунна!

ГАЗИЕВА Аза
№52, мангалан (июль) беттан 12 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: