Нохчийн Республикехь дуьххьара дIаяьхьира совдегараллин а, инновацийн а гIолацаран Экономикин дуьненаюкъара саммит. Соьлжа-ГIалин «ТheLocal» хьешацIийнехь вовшахтоьхнера саммит дIаяьхьаран дерриге а гIуллакхаш.

Нохчийн Республикин экономика кхиорна а, экономикин, инновацийн декъехь зIенаш тасарна а мехала цхьаьнакхетарш, гIуллакхаш дIадаьхьира цигахь.
Экономикин дуьненаюкъарчу саммитехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхо Таймасханов ГIалас, Республикин Правительствон Председателан заместительш Магомадов Iабдул, Хакимов Хьасан, Россин Федерацин Пачхьалкхан Думин депутат, «ГIуллакхаллин Росси» юкъараллин организацин президентан хьехамча Зубарев Виктор, Зайед Шайхан цIарахчу фондан Нохчийчохь йолчу филиалан коьрта директор Черхигов Адам, оццу фондан лерринчу проектийн а, инновацийн а декъехула директор Шениур Низар, РАКИБ-н (Криптовалютийн а, блокчейнан а Россин ассоциаци) президент Припачкин Юрий, Москвахь совдегарийн бакъонашларъяран векал Минеева Татьяна, дуккха а кхиберш.
Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан цIарах маршалла а хоттуш, вистхилира Магомадов Iабдул: «ХIокху саммитехь дийцаре дан лерина дуккха а гIуллакхаш ду, царна юкъахь уггаре а мехала хеташ дерг ду исламан экономика кхиор а, дIабуьйлалуш болчу къоначу совдегаршна экономикин рынкехь шайн меттиг дIалацарна тIехь гIо дар а, кхечу пачхьалкхашца экономикин зIенаш тасар а. Цул сов, республикин экономикин коьрта Iалашо ю, мелла а алсам инвестицеш тIеозор, хIунда аьлча, кхузахь инвестицешна оьшуш долу дерриге а хьелаш кхоьллина. КIезиг бац Нохчийчохь шайн проекташ кхочушъеш болу Россин а, кхечу пачхьалкхийн а яккхийчу компанийн совдегарш. Тхуна доккха дозалла ду Нохчийчохь дуьненаюкъара экономикин саммит дIаяхьар а, дуккха а пачхьалкхашкарчу векалша дакъалацар а. Тхо тешна ду, Нохчийчоь шуна шайн инвестицешна беркате хетарг хиларх».
Нохчийчоьнна мехала гIуллакх вовшах а тоьхна, дIадахьарна Магомадов Iабдуллас республикин куьйгаллин цIарах даггара баркалла элира Зайед Шайхан цIарахчу фондан директорийн кхеташонан председательна Хьусейн аль Новайсана, Россин а, Iаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмираташкара а, Иорданера а, Малайзера а, Хонкарара а, СаIудийн Аравера а, иштта, кхечу пачхьалкхашкара а экономикин говзанчаш а, совдегарш а цхьаьнакхеттачу саммитехь дийцаре дира Нохчийн Республикин экономика кхиор а, экономикин, инновацийн декъехь зIенаш тасар а.
Иштта, цигахь дийцаре дира дуьненан экономикин рынкехь, шен меттиг дIа а лаьцна, совдегаралла лелорхьама хаадезарг а, тешаме, са ер йолуш юкъаметтиг хьаьнца лелийча бакъахьа хир ду а.
Зайед Шайхан цIарахчу фондан Нохчийчохь йолчу филиалан коьртачу директора Черхигов Адама хьешашна довзийтира республикин экономикин хьал.
Ша куьйгаллехь волчу фондо республикин къоначу совдегаршна исламан экономикин бакъенашца деш долчу гIо-накъосталлех лаьцна а дийцира, ян лерина проекташ, инвестицеш оьшуш лаьтташ хилар а хаийтира цо.
Черхиговс билгалдаьккхира, исламан экономико дуьненахь мехала меттиг дIалоцуш меттигах хилар а, бусалба нахана санна, кхечу динехь болчу нахана а шайн гIуллакх дIадоло аьтто беш хилар а.
– Дукха хан яц цIеяхханчу говзанчаша Нохчийн Республикин экономика а, социальни дакъа а меттахIотто иттаннаш шераш дезар ду баьхна. Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас къобал ца дира цара бохург. Цунна дика хаьара, нохчийн халкъ тIамана юкъара схьа а даьккхина, белхан гIирс дIа а белла, нийсачу новкъа дIахIоттийчахьана, республикин экономика а, социальни дакъа а меттахIуттург хилар. Оцу новкъа схьавогIуш ву Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан а. Россин Федерацин экономикехь хьакъ доллу меттиг дIалоцуш ю Нохчийчоь. Iамарко а, Европин пачхьалкхаша а Россина дуьхьал еш йолчу санкцеша цхьана а агIор новкъарло ца йо Нохчийн Республикина инвестицеш юкъаяхка а, экономикин зIенаш таса а, – элира Черхигов Адама.
«ТheLocal» хьешацIийнехь Made in Chechnya «Нохчийчохь йина» гайтам дIабаьхьира Зайед Шайхан цIарахчу фондан гIоьнца республикехь а, цул арахьа а шайн сурсаташ духкуш болчу совдегарша.
ВЕГИЕВА Макка
№54, мангалан (июль) беттан 19 де, 2019 шо