Кестта республикехь харжамаш дIахьур бу

Хууш ма-хиллара, товбецан (сентябрь) беттан 8-чу дийнахь дIахьур ду рогIера Ерригроссин харжамийн де. Оцу дийнахь Россин субъекташкахь дIахьур бу тайп-тайпанчу тIегIанашкара харжамаш. Оцу гIуллакхна юьстах ца йисина Нохчийчоь а.

Нохчийн Республикин харжамийн комиссис хаам беш ма-хиллара, республикехь дуккха а харжамаш дIабахьа лерина. Бовзуьйтур вай уьш.

ТӀехьа-Мартан кӀоштарчу Бумматан бахархоша дакъалоцур ду шайн юьртан кхолламах хьакхалучу харжамашкахь. Юьртарчу бахархоша жоп дала дезар ду цхьана хаттарна. Ткъа хаттар иштта хир ду: «Хьо реза вуй (юй) Буммат Соьлжан кӀоштах дӀа а тухуш, ТӀехьа-Мартан кӀоштан дозанаш хийцарна?». Хууш ма-хиллара, цкъачунна, ТӀехьа-Мартан кӀоштана юкъайогӀуш ю Буммат.

Грозненски кӀоштан Депутатийн кхеташонехь тӀеэцначу сацамца нийса а догӀуш, товбецан (сентябрь) беттан 8-чохь харжамаш дIахьур бу оцу кIоштана юкъарчу цхьайолчу ярташкахь а – вуьшта аьлча, Грозненски кӀоштан доза хийцаран хьокъехь йолу референдум.

Оцу дийнахь ГӀуларарчу бахархоша жоп лур ду, «Грозненски кӀоштан дозанаш а хуьйцуш, ТӀехьа-Мартан кӀоштах дӀакхета лаьий хьуна?» – бохучу хаттарна.

Йоккхачу АтагӀан бахархоша: «Грозненски кӀоштан дозанаш а хуьйцуш, Хьалха-Мартан кӀоштах дӀакхета лаьий хьуна?» – бохучу хаттарна жоп лур ду.

ЧӀишкарчу а, Лаха-Варандарчу а, Дочу-Борзерчу а, Яраш-Маьрдерчу а бахархоша: «Грозненски кӀоштан дозанаш а хуьйцуш, Шуьйтан кӀоштах дӀакхета лаьий хьуна?» – хаттарна жоп лур ду.

Цул сов, кхин а 18 юьртахь дIахьур бу меттигерчу Депутатийн кхеташонан векалш харжаран харжамаш: 1) Гезлой-Эвлахь, Хошкалдахь, 2) Iаларой-Эвлахь, Аьхкинчу-Борзехь, Гелдаганахь, 3) Бена-Юьртахь, Маканехь, Макан-Отарахь, Горга-ХитIехь, Iели-Юьртахь, Лакха-Неврехь, 4) Чернокозовехь, Салт-ГIалахь, 5) Гермачигахь, Мескер-Эвлахь, Сиржа-Эвлахь, Чуьйри-Эвлахь, 6) БердкIелахь.

Лакхахь хIиттийначу терахьашца билгалъяьхна кIошташ: 1 – Гуьмсан, 2 – Курчалойн, 3 – Теркан, 4 – Невран, 5 – Шелан, 6 – Грозненски.

И.ИСЛАМОВ
№54, мангалан (июль) беттан 19 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: