Почтин тоьллачу белхахошна совгIаташ дира

Мангалан (июль) беттан 15-чу дийнахь, Россин Почтин денна лерина Нохчийчуьрчу регионан УФПС-н (Федеральни почтин зIенан урхалла) белхахошна совгIаташдар дIадаьхьира Соьлжа-ГIалахь.

Республикин УФПС-н актови зала чохь дIадаьхьначу даздарехь дакъалецира Нохчийн Республикин почтовикийн профсоюзан цхьаьнакхетараллин председатела Усманов Башира.

Цхьаьнакхетар дIахьош вара Россин Почтин Нохчийчуьрчу филиалан директор Мовлаев Асхьаб.

УФПС-н директора почтин белхахошна баркалла элира шайн говзаллина муьтIахь хиларна, белхан декхарш дика кхочушдарна.

«Вай цхьаьна мел баьхначу кхиамех даггара вокххаве со. Бакъболу говзанчаш а, шайн болх дика бевзаш а, атта доцу шайн декхарш денна а жоьпаллица кхочушдеш а ду шу. Дела реза хуьлда шуна, аш иштта къахьегарна», – билгалдаьккхира А.Мовлаевс.

Белхан декхарш дика кхочушдарна Сийлаллин грамоташца, Баркаллин кехаташца совгIаташ дира Россин Почтин Нохчийн Республикерчу филиалан 30 белхахочунна.

Билгалдаккхар: Россин Почта – Россин Федерацин стратегин предприятешна юкъайогIуш йолу федеральни почтин оператор.

Берриге махкахь йолу 42 эзар отделени юкъалоцуш а, махкахь уггаре а яккхийчарех цхьаъ йолу къинхьегаман коллектив (335 эзар почтин белхахо) йолуш а ю Россин Почта.

Нохчийн Республикин УФПС «Россин Почта» ФГУП-н филиал ю. Цо юкъалоцу къаьстина йолу структурин 9 подразделени: 8 почтамт а, 1автобаза а, царех пхи подразделени – 3-чу категорин, 3 подразделени – 4-чу категорин.

Почтин зIенан хьашташца кхачо йо 238 отделенис. И отделенешца классашца екъало кху кепара: 1-чу классан – 1, 2-чу классан – 12, 3-чу классан – 28, 4-чу классан – 191, 5-чу классан – 6.

Почтин ерриге а отделенех 176 ярташкахь ю, 62 – гIаланашкахь.

А.ВАХАЕВА
№54, мангалан (июль) беттан 19 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: