Футболах ловзарехь Россин премьер-лигин 2019–2020-чуй шерийн чемпионатан хьалхара тур хилира хIокху деношкахь. Оцу туро дагахь доццу жамIаш а делира, футболъезархой цец а бохуш.

Ишттачу ловзарех цхьаъ дара Соьлжа-ГIалахь мангалан (июль) беттан 14-чу дийнахь хилларг. Оцу дийнахь вайн «Ахмат» клубан футболисташа тIеийцира Краснодарерчу «Краснодар» клубан футболисташ.
Футболе сатесначу футболъезархоша дIаюьзнера стадионан трибунаш. Шайн ма-хуьллу вайн футболисташ ир-карахIитто гIертара уьш. Ткъа «ахматхой-м» вуьшта а хиллера догойла гIаьттина а, хаза, чулацаме футбол гайта лууш а. Иза цхьаьнакхетаран хьалхарчу миноташкахь цара бIаьрла гайта а гайтира.
Матчан 9-чу минотехь буьрканца, ког ма-боллу, чехка, «краснодархойн» гIуданан майдана иккхира Бериша Бернард. Цуьнца лара а ца вина, бакъе талхийра «Краснодаран» ловзархочо Петров Сергейс.
Суьдхочо, и талхор дарна, цхьайтта метран билгалонера гIуданан тохар дан бакъо елира. Пенальти тохар шена тIелецира, вайчарах уггаре а жигара хиллачу, оццу Беришас. Амма цо тоьхна буьрка майдана юхатуьйхира хьешийн кевнахочо Сафоновс.
Шен тIелатарийн иралла а, эвсаралла а гайтира «Ахмато» цхьаьнакхетаран 28- чу минотехь. Р.Уциевс «Краснодаран» гIуданан майдана хьажийна тоьхначу буьрканна массарал а хьалха тIекхиира Бериша. Цо, кхосса а луш, тоьхна буьрка кевнан бойна чуьра схьаэца дийзира Сафоновн – 1:0.
Цул тIаьхьа, ши минот яьлча, Швец Антона тоьхна буьрка а кевна чу яххаза йисира. Кевнахочун шегара йоккха говзалла гайта дийзира шен команда шолгIачу голах кIелхьаръяккхархьама. 45-чу минотехь юха а кхиаме кхача герга бара хIусамдай.
Делахь а, Беришас шега хьажийна яийтина буьрка кевнна 12 метр уллера тоьхна кевнан бIогIамна юххехула дIаяхийтира Мбенг Аблайес. ШолгIачу тайман 74-чу минотехь а герга вара Мбенг гол тохарна.
Цо коьртаца тоьхна буьрка кевна чу ца яхийтира, леккха кхоссаваларца иза майданал арахьа дIаерзийначу Сафоновс. Цу тайппана кхин цкъа а шен команда кIелхьараяьккхира цо.
Оцу цхьаьнакхетарехь «Ахматан» защитникаш а, ерриге а команда а дика ловзар бахьана долуш, «Краснодаран» футболистийн шайн говзалла а, ира тIелатарш гайта а аьтто ца белира.
Бакъду, хьешийн футболиста Вильена чIогIа тоьхна буьрка Е.Городовс лардеш хиллачу кевнан дукъох кхетта дIаяхара. Буьрка кIеззиг лахахула яханехь кевнан бойна чохь карон тарлора. Амма оцу дийнахь иза хьешашна ган доьгIна ца хиллера.
Цу тайппана, керлачу чемпионатан хьалхарчу цхьаьнакхетарехь хьалхара толам баьккхира «Ахмато».
Хь.САЙДАЕВ
№54, мангалан (июль) беттан 19 де, 2019 шо