Ас а дуьлура ламеш

ХьастагIа, инстаграман агIонехь, Нохчийн Республикин культурин министра Дааев Хож-Баудис шен деций, ненаций даьккхина сурт гира суна. Хаза схьагуш бу уьш кетIарчу гIантахь.

«Дика кIант кхиийна-м хилла цара!», – дара, цкъа дуьххьара, дагадеанарг, юха «Дала дахадойла хьуна и шиъ!», – элира, со Iаччохь.

КхидIа? КхидIа – ойланаш хилла даьллачу туьйране хьаьлхира, да-нана дийна долуш яьккхинчу замане.

Хож-Баудин комментари йоьшучу дийнахь ду-кх, цIахь, рагIу кIелахь хиъна Iаччуьра, дIогахь, уьйтIахь лами буьлуш, мачаш дIанисъеш, гIуллакхаш дечу вешин йоIарийн тидам беш со Iийча.

«Мама цIакхачале лелий довлал!», – йоIарех йоккхачо кегийрчарна дов дора. Цхьа тамашийна сахьаьвзира сан, «Со ма паргIатъяьлла Iаш ю», – аьлла, яхье яла, хьалагIатта дагахь а хуьлуш. Цкъа мацах ас а дора и гIуллакхаш, ламеш дуьлуш, нуй-горгам хьокхуш, котамашна кIа тосуш, «нана цIакхачале» бохуш.

ХIинца, мел хаза динарг а, дика динарг а чомехь а дац.

ХIинца, мел хаза елахь а, хаза яц-кх шу, да-нана доцуш йогIу Iуьйренаш а, суьйренаш а. Болчарна АллахIа могаш-маьрша бахабойла дай-наной, ткъа кхелхинчеран Дала эхарт нуьре дойла.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№54, мангалан (июль) беттан 19 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: