ХIора а адаман дахарехь коьрта ларало цуьнан мотт. Адамийн уьйраш, гергарлонаш, доттагIаллин юкъаметтигаш юьззина а, меттахь а латторехь коьрта меттиг дIалоцу къоман матто. Къомах къам дийриг цуьнан мотт бу. Кхузахь ша-шаха дагадогIу поэтан Сулейманов Ахьмадан цхьана иллин юкъара хIара хьекъале дешнаш: «Бийца мохккий, моттий бацахь, адамех ца олу къам…».
Советийн заманахь вайгара гIиллакхаш, Iадаташ, юкъараллин меттигашкахь нохчийн мотт бийцар дIадаккха гIерташ, пропаганда лелийра. Оцу гIуллакхо боккха эшам а беара вайн дахаре вешан меттан сий-ларам барехь, шена нохчийн маттахь яздан а, еша а ца хаьа бохучух дозаллаш дар юкъаделира. Тахана а оццу «дозаллица» баха луурш болуш бу. Иштта ледарлонаш хилар Iаламат чIогIа новкъа ду.
Нохчийн меттан кхоллам декъаза болу зама яра иза. Иза Iамор а дар-кх цхьа а хьоьгур воцуш. Делахь а, хьаьдда йоьдучу замано, вайна дагахь а ца хилла, хийцам беара: апрель беттан 25-гIа де Нохчийн меттан де хилар д1акхайкхош, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана Указ т1еийцира Нохчийчоьнан кхолламехь цкъа а цахилларг ду иза. Вайна уггаре а дезачех дезде хета дезаш а ду иза. Цул сов, Нохчийн Республикин Конституцин 10-чу статьяхь т1ехь билгалдаьккхина ду нохчийн мотт пачхьалкхан мотт хилар. Оцу дерригено гойту нохчийн меттан бала кхочуш республикин Куьйгалхо хилар. Хууш ма-хиллара, меттан Iилма кхиорна, дикачу агIор хийцамаш барна лерина леррина йолу комисси а кхоьллина республикехь. Маттаца долу гIуллакх цунна охIла болчу нахах тешийна хила деза кхидIа йолчу хенахь а.
Нохчийн мотт… Иза бийцина эвлаяаша, бийцина вайн махкахь, цул арахьа цIеяххана бевзаш хиллачу къонахаша: Таймин Бийболата, Мадин Жаьммарзас, Бенойн БойсагIара, Жумин Акхтуллас, Хорачойн Зеламхас, вайн меттан даггара ларам беш ваьхна Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо (Дала гIазот къобалдойла цуьнан) Кадыров Ахьмад-Хьаьжа. Белхан меттигашкахь мотт бийцар, иза алссам юкъабалор хилахь вайн меттан кхиар дика хир ду. Вай цкъа а ца боху оьрсийн я муьлххачу а кхечу къаьмнийн меттанаш ма Iамаде. Вуьшта, шен маттана пебеттар, цунах цавашар докъазалла ю. Мел халахеташ делахь а, иштта «нохчий» а вайн болуш бу. Дагадеанчуьра кхузахь дало лаьа поэтан Сулейманов Ахьмадан цхьана байтера хIара дешнаш:
Воккхаве со хьуна хуучу
Кхечу къаьмнийн меттанех
Хьайниг бицбеш, 1амо деза
Уьш хьуна ца моьттинехь.
МЕДИГОВ IАЛМИРЗА,
Курчалойн районера вахархо