Дуьненахь а гIараваьлла вевзаш хиллачу Дагестан Республикин поэтан, Россин юкъараллин гIуллакххочун Гамзатов Расулан кхоллараллина лерина «Лам ломах хотталучохь» гайтам схьабиллира Нохчийн Республикин Къоман музейхь.

Гайтам схьабелларехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин къоман музейн директор Асталов Ваха, Дагестанан изобразительни искусствийн музейн директор, Гамзатов Расулан йоI Гамзатова Селихьат, Дагестан Республикин Яздархойн союзан председателан заместитель, Гамзатов Расулан байташ гочъярхо Ахмедова Марина, Нохчийн Республикин Куьйгалхо волчохь йолчу культурин Кхеташонан председатель Усманов Iаьрби, Нохчийн Республикин Яздархойн союзан коьрта редактор Ирисханов Iимран.
Шен къамелехь Асталов Вахас билгалдаьккхира музейша дIахьочу белхан коьртачу Iалашонех цхьаъ Россин халкъийн культурин тIаьхьалонаш йовзийтар а, къаьмнашна юкъахь гайтамийн а, культурин а, искусствон а гIуллакхийн гIоьнца гергарлонаш, уьйраш, барт чIагIбар хилар.
– Дукха хан ю Гамзатова ПетIаматан цIарахчу Дагестанан изобразительни искусствийн музейн а, Нохчийн Республикин къоман музейн а гергарло долу. ХIора шарахь, Гамзатова Селихьатан гIоьнца, вайн музейхь Дагестанан суьрташдахкархойн гайтам схьабоьллу. ХIара рогIера «Лам ломах хотталучохь» гайтам, дешан илланча хиллачу, Гамзатов Расулан кхоллараллина лерина бу. Гайтаме дехкинарш Россин гIарабевллачу суьрташдахкархойн суьрташ ду. Оцу суьрташа Расулан кхолларалла тIеюзуш хетало. Гамзатова ПетIаматан цIарахчу изобразительни искусствийн музейн фондера деанчу 60 суьртех а, цул сов, декоративни-прикладни искусствон коьчалех а лаьттачу гайтамехь 27 сурт живописан, 29 сурт графикин а ду, – элира В.Асталовс.
– ХIара санна гайтам оха стохка а вовшахтоьхнера Расулан 90 шо кхачарна лерина. Гамзатовн поэзица цхьаьнадогIучу Дагестанан суьрташдахкархойн суьрташца кечбина бу гайтам. Расулан байташна яздича санна ду хIора сурт. Цуьнан кхолларалла гергара яра дукха нахана. Нехан даг чохь дерг, цара сагатдеш дерг «схьадаста» хиъначу поэтех вара Гамзатов Расул, – билгалдаьккхира Селихьата.
Гайтамехь къамелаш дира I.Усмановс а, I.Ирисхановс а. Вайна хууш ма-хиллара, Гамзатов Расула шен байташкахь хестийнарг дайн кхерч а, гIиллакх а, адамалла а, доттагIалла а дара. Россин тоьллачу суьрташдахкархоша иллюстрацеш йина цуьнан байташна. Уьш бу: Е.Омельяненко, Ю.Космымин, А.Ливанов, Ю.Бурджелян, Ю.Николаев.
Шатайпа ду Дагестан Республикин хьакъволчу суртдиллархочо Ю.Николаевс «Лаьттана дуй баар» книгина дехкина акварелан суьрташ.
Мангалан (июль) беттан 11-чу дийнахь схьабиллинчу «Лам ломах хотталучохь» гайтамехь къаьсттина тидам тIебоьдуш дара Кагиров Тимура «Суьлхьанашца йоккха стаг» а, «Дагестан Республикин халкъан поэт Гамзатов Расул» а, Гасанов Iабдул-Ахьадан «Зуда-ламанхо» а суьрташ.
Цул сов, Х.Курбановн, М.Шабанован, З.Рябазанован, Н.Власован, Ш.Шахмарданован , Г.Конопацкин, С.Тихилован, А.Забажанован белхашка хьовса аьтто хир бу.
Искусствоезархошна а, республикин хьешашна а хаийтархьама билгалдоккху: Р.Гамзатовн кхоллараллина лерина гайтам мангалан (июль) беттан 29-чу дийне кхаччалц лаьттар бу Нохчийн къоман музейхь.
З.ХИЗИРОВА
№54, мангалан (июль) беттан 19 де, 2019 шо