Дагалецамашкахь йисина спектакль

1974-чу шеран юьххехь хаза хабарш даьржира Соьлжа-ГIалахь. Советийн Союзан Турпалхочун Нурадилов Ханпашин цIарахчу Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан драмин театрехь хIотто йолийначу «Ричард-3» спектаклах лаьцна дара уьш.

ГIараваьллачу ингалсхойн драматурган Шекспир Вильяман изза цIе йолчу пьеси тIехь хIоттош яра спектакль. И хIоттош верг Россин халкъан артист Солцаев Мималт вара.

И хабарш схьахезча, цкъа тамашийна хийтира: «Вай хIун до-те Ричардах?», – аьлла.

Дуьненна евзаш ю Шекспиран и пьеса, массара а билгалдоккху, хьекъал а, чIогIа амал йолуш хиллехь а, Ричард къиза стаг хилар а, Iедалан урх шен каралаца гIерташ, цо дукха цIий Iанийна хилар а.

Амма похIмечу режиссера Солцаев Мималта кхечу кепара гайтира шен Ричард. Россин халкъан артиста Давлетмирзаев МутIелипа кхоьллинчу вастехь Ричард чIогIа амал, кIорггера хаарш, ира хьекъал долуш стаг вара.

Нохчийн къоман театро гайтарехь Ричардан цхьа Iалашо яра: хьагI-гамо, цабезам, эмгаралла хьалхадаьккхина хьийзачу са кIезигчу адамийн питанаш, эладитанаш дIадаьхна, ткъеитт шаре баьллачу тIамо дакъазаъяьккхина пачхьалкх меттахIоттор.

Оцу Iалашоне кхача Ричард цIий Iано а, хIилла хьовзо а, ямартлонца тешнабехк бан а кийча вара. БIаьрнегIар ца тухуш, вожавора цо шена дуьхьало ян дагадеанарг.

Нохчийн къоман тоьлла актераш бара «Ричард-3» спектаклехь дакъалоцуш. Уьш бара: Хаджиева Неля, Айдамирова Зулай, Хакишева Хьава, Зубайраев ЯрагIи, Идаев Юсуп, иштта дуккха а кхиберш.

Церан похIмано гIо дира хьовсархошна ХVI-чу бIешарера Ингалсан пачхьалкхера дахар довза а, спектаклан маьIнех кхета а.

45 шо дIадаьлла Солцаев Мималта «Ричард-3» спектакль хIоттийна. Амма ган ирс хиллачеран иэсехь ехаш ю иза хIинца а.

Бакъйолчу театран искусствон исбаьхьаллин тIеIаткъам бу спектакль хьовсархойн иэсехь латторг.

А.АРАПХАНОВА
№54, мангалан (июль) беттан 19 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: