Сайд-Мохьмадан жима кхиам

Дукха хан йоццуш Владимирехь дIаяьхьира кегийрхошлахь греко-римски кепара охьатохархлатарехула Россехь хьалхеяккхаран турнир. Къийсадаларш пхеа дийнахь дIадаьхьира.

Вайн республикера цигахь дакъалоцуш вара РСШ-ра Таипов Сайд-Мохьмад.

Финалехь, шен йозаллин категорехь (75 кг.), кхоалгIа меттиг яьккхира цо.

Оцу кхиаме вайн спортсмен кхачийнарг ву, иза Iамийна, цуьнан тренер Таипов Мохьмад.

Кхузахь билгалдаккха догIу спортхочун Европехь хьалхеяккхаран турнирехь дакъалаца йиш хилар. Кеста дIаяхьа езаш ю иза.

Лаьа цигара иза лаккхара кхиамаш баьхна цIавогIийла.

З.ШИШХАНОВА
№54, мангалан (июль) беттан 19 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: