ГIабакх (тыква)

Ширачу заманашкахь дуьйна нохчаша юьйш-лелош хилла гIабакх. Иза кхехкош, юуш а хилла, цунах хингалш деш а хилла. Тахана а нохчашна дукха безачу ширачу кхачанех цхьаъ бу хингалш.

Ша гIабакх а, цуьнан хIуш а дарбане лору нохчаша. ХIуш дика ду кийрахь нIаьний долчарна а, чуо якъалуш болчарна а. Уьш деккъа а, мазца цхьаьна а даа мегаш ду.

НIаьний долчо мецачу чоьнна тIе 300 грамм хIуш даа деза, царна тIе 50–100 грамм моз а тухуш.

3–4 шо долчу берана 75 грамм хIуш дала бен мегаш дац.

5–7 шо кхаьчначунна – 100 грамм, 8–10 шо долчунна – 150 грамм, пхийттара ваьллачунна – 200 грамм. НIаьний дIадахарна дика лерина кIайчу гIабакхан хIуш.

ГIабакх, къаьсттина «Хьаьжа-гIабакх» дика ю доIах (печень) лозучарна. ДоIах лозучарна а гIабакх луш хилла. Масала, гIабакх екъа а йоькъий, цу чуьра хIуш дIадохий, чу моз дуттуш хилла. Юха, дийнахь-бусий иштта латтийтинчул тIаьхьа, иза (моз а, гIабакх а) ворхI дийнахь юуш хилла.

Корта лозучарна дарбалелош а пайдаоьцуш хилла гIабакхах. Нохчийн (кIайн) гIабакх кхехка а йой, цунах бина межарг (цхьана хIуманна) кисина юкъа а хьарчабой, коьрта тIе (хьетIе) буьллуш хилла.

Цул сов, йистина йолу меттиг хьаьа гIабакхан хIуш долу дакъа а, моз (я шекар) а цхьаьна а иэдина тIедиллича.

З.МАДАЕВА
№54, мангалан (июль) беттан 19 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: