Дагестанан а, Нохчийчоьнан а дозанехь, вуьшта аьлча, Нохчийчоьнан Веданан кIоштан лаьтта тIехь нохчийн тIеман бIов яран хьокъехь долчу Дагестанерчу декъазчу «историкан» хабарна кхачам боллуш жоп делла Нохчийн Республикин Парламентан спикера Даудов Мохьмада.

«Хьомсара доттагIий! – яздина нохчийн Парламентан спикера. – Цхьа «гIуллакххо»…, иза мила ву вийца оьшуш а дац, дукха хабарш юкъадохур долчу питаница, шен цIарца «историк-кавказовед» цIе чIагIъян дагахь ву иза. Цуьнан Iалашо-м гуш ю – къаьмнашна юкъа питана тасар. БIов а юьйцу цо, Дагестанан лаьтта тIехь ю бохуш, оцу бIаьвнна лерина цхьа догIанаш а хьехадо… Теший шу, оцу декъазчо, ур-атталла, и бIов йолу нохчийн латта а, 1999-чу шарахь хилларг а цхьаьна иэдина-кх».
Даудов Мохьмада дагадоуьйту цигахь дуьйцург, циггарчу вахабитийн куьйгалхочо Мухьаммад Баудис (Мухаммад Багаутдин) дIадолорца террористаш Дагестане бахар хилар.
«ХIаъ, дагадогIу. Тхуна чIогIа дика дагадогIу Ахьмад-Хьаьжас (Дала гIазот къобалдойла цуьнан) Дагестане баханчу зуламхошна дуьхьал тIом кхайкхор а, юха, Нохчийчохь, уьш атар а. Уггаре а хьалха, цуьнан а, цунах тера болчарна а дIахаийтархьама боху – гIуллакх хир дац!!! Тхоьца бIаьвнаш, церан догIанаш я аренаш къовса лууш дуй шу – хан а, меттиг а къастае – тхайн агIо йийцина ца Iаш, шуьга ла а-м дугIур ду. ЧIагIо йо-кх шуна, цул тIаьхьа мел дерг шен-шен меттахIуттург хиларна. ХьошалгIа дахка лууш дуй? Марша догIийла! Питанаш? ХIан-хIа, сихонца совцор ду, Россин Федерацин законаша ма-хьеххара», – билгалдаьккхина цо.
Бух боцу я, кхин а гена даьлча, Къилбаседа Кавказерчу халкъашна юкъа питана тасаран Iалашонца язбина хаамаш дIасабаржорехь сих ма ло аьлла, оцу гIуллакхца уьйр мел йолчаьрга кхайкхам а бина Нохчийн Республикин Парламентан спикера.
«Вайн дайша цкъа а хабарчашка я питанчашка ла ма ца дегIна. Шаьш Iаш долу меттиг маьрша а, барт болуш а латто кхетам а, собар а ма тоьъна царна даима а», – олуш, дерзийна шен жоп Даудов Мохьмада.
Билгалдаккхар: Юьйцуш йолу бIов таханлерчу Ансалта (Дагестан) юьртана 2 км сехьа ю. И меттиг даима а нохчийн хилла ю (цу тIе даьлча-м, и Ансалта юрт а нохчаша йиллина, тахана цигахь Iаш берш жIайхой белахь а).
Нохчийчохь шолгIа тIом болабелчахьана дуьйна, оцу лаьттана дола деш нохчий цахиларе терра, меттигерчу бахархошна шайн таръелла и меттиг, ткъа цигарчу Iедало шайн карташ тIехь а билгалъяккха йолийна иза. Амма тахана оцу латтанийн дай гучубевлла. И ду цаьрга цаладелларг. Цунна гуонаха долийна меттигерчу декъазчу «историкаша» и питанаш а.
Кхуззахь билгалдаккха догIу Даудов Мохьмада вуьйцуш волу декъаза «историк» 2018-чу шарахь ГIалгIайчохь а хилла хилар – «нохчаша гIалгIайн латтанаш лачкъийна» аьлла, питане йозанаш а, хабарш а даржорехь уггаре а жигара дакъалаьцнарг ву иза.
ГIалгIаша шайн «къоман» ваша лоруш ву.
И.ИСЛАМОВ
№55, мангалан (июль) беттан 23 де, 2019 шо