Премьер-лигин командашна юккъехь Россехь хьалхеяккхаран чемпионатан 25-чу туран матчехь Соьлжа-ГIалара «Терек» Пермерчу «Звезда» стадионехь цхьаьнакхийтира меттигерчу «Амкарца».
Майдан дай: Р.Герус, Д.Белоруков, Р.Арзуманян, П.Занев (Г.Пеев, 61), Б.Бутко, А.Коломейцев, Я.Гол (И.Черенчиков, 8I), И.Киреев (Б.Йовичич, 36), С.Баланович, Ф.Огуде, А.Прудников.
СоьлжагIалахой: Я.Годзюр, Ф.Кудряшов, (И.Айссати, 77), М.Коморовски (Родолфо, 40), А.Семенов, И.Лебеденко, Ж.Маурисио, В.Адилсон (Р.Кану, 46), О.Иванов, Д.Кузяев, М.Рыбус, А.Аилтон.
Коьрта суьдхо Кумисов Сергей (Саранск).
Оцу матчехь толам баьккхича вайн республикин коьртачу командин таро яра, турниран таблицехь бархIалгIачу метте хьала яла. Цул сов, уьтталгIачу меттехь лаьтташ йолчу Саранскерчу «Мордовиял» пхи очко хьалха а ер яра. Футболъезархошна ма-хаъара, тIаьхьарчу хенахь соьлжагIалахоша пермякахошца хуьлучу цхьаьнакхетаршкахь толамаш бохура. (Дагадаийта лаьа хьалхарчу гуонан матчехь вайн командо «Амкар» «Ахмат-аренехь» жамI, 4:0 долуш, эшийна хилар).
Матч вовшашкахь хIун доллу хьожуш дIайолийра командаша. Пермера «Амкар» ларлуш ловзура, царна оцу цхьаьнакхетарехь яьккхина кхо очко къаьсттина оьшуш яра. Хьалхарчу тайман уьтталгIачу минотехь гол тоха герга вара Киреев Игорь, амма цунна цхьа жимма аьтто ца тоьийра. Цул тIаьхьа билгалавала таро яра Коломейцев Александран. Иштта, дика ловзучу цара 20-чу минотехь счет схьайиллира. Гол тоьхнарг вара Прудников Александр. Цул тIаьхьа мелла а ловза йолаелира «Терек». Футболисташ садаIа баха пхи минот йисинчу хенахь соьлжагIалахоша счет дIанисйира. Иванов Олега дукха дика елла буьрка чутуьйхира Маурисио Жозес. СадаьIначул тIаьхьа «Амкара». 62-чу минотехь шен тIелатар гол тохарца а дерзийра. ЖамI 2:1 долуш чекхделира цхьаьнакхетар.
2-чу майхь 26-чу туран матчехь Соьлжа-ГIалара «Терек» хьошалг1ахь ловзур ю Дона-тIера-Ростоверчу «Ростовца».
Довзуьйту кхечу командийн жамIаш:
«Зенит» (Санкт-Петербург) – «Арсенал» (Тула) – 1:0; «Ростов» (Дона-тIера-Ростов) – «Динамо» (Москва) – 2:2; «Спартак» (Москва) – «Рубин» (Казань) – 1:0; «Краснодар» (Краснодар) – «Локомотив» (Москва) – 1:0; «Торпедо» (Москва) – ЦСКА (Москва) – 0:2.
А.АБДУЛАЕВ