Вайн хьекъалечу дайша олуш дара: «Шен куц хьарам дара цунна». Иза цара олура стаг я зуда (муьлхха а адам) шен куьце хьаьжжина ца лелча, адамаллин куьцера цхьаъ ваьлча.
И дешнаш дагадахкийтира суна, хьастагIа, Iуьйранна гинчу суьрто.
Пассажирех йоьттина микроавтобус («маршрутка») яра Соьлжа-ГIалин исбаьхьачу урамашкахула хахкаелла йогIуш.
Микроавтобуса чохь охьахаа яьсса меттиг цахиларе терра, цхьана а социйлехь машен ца сацош дIавоьдура водитель. Амма цхьана социйлина жимма тIехваьлча, цIеххьана, сихха сацайо цо: «ХIара-м хIуъа дина а тIехао хьовса деза вай», – олуш.
Хетарехь цунна евзаш ю машенна тIейогIуш ерг.
Микроавтобусан неI схьайоьллу, цу тIе хьалайолу хиджаб юьйхина, цIена юьхь-сибат долу, куьцехь, хаза зуда.
Муьлххачун а бIаьрг тIехIуттур болуш, Дала хаза куц делла, безамехь зуда яра иза.
Ша хьалайоллушехь: – Ваши, машен саца хIунда ца йо ахь?, – бехк баккха хIоьттира иза водителе.
– Хьох бIаьрг ца кхийтира сан, куьг хIунда ца айъира ахь?, – бехказвала гIерта иза.
– Юха ког ойъур бу ас, хьуна гайта.
– ОьгIаз ма эхахь а, хьо гена яха езаш а яцара, гIаш яха а мегар дара.
– ГIаш лела кхиийна дац хIара дегI (куралла!)…
Цул тIаьхьа суна хIумма а ца хеза. Лергашка потт хIоьттина. Бага якъаелла. Хье чу «жIов етта», – «Юха ког ойур бу ас».
Оцу зудчунна ца го со. Цунна цхьа а ца го – баккхий зударий а, къона мехкарий а. Цунна ша бен ца го. Цуьнца гIиллакх дац, эхь-бехк дац, ийман дац. Маьттазалла йоцург – цхьа а хIума. Куц а хьарам ду цунна.
Шегахь жимма а гIиллакхан хьаса хилча, шена машен сацийначу водителан Iуьйре дика йийр яра цо, баркалла эр дара. Цуьнан куьцана хьарам дара иза иштта лелар, цунна хьарам дара цо тIедуьйхина оьзда духар – хиджаб. Деза духар ду иза. И тIедухале сица, ойланца цIанвала веза (еза), гIиллакхехь, ийманехь чIагIъяла еза. И ца динехь – ерриге а моттарханаш ю, хIиттош суьрташ ду, Дала хьарам дина долу. Хиджаб суьртана лелон духар дац.
…Цуьнан машенара охьайоссар муха хилира ца хаьа суна. Цуьнга ладогIа собар ца тоьъна: «Хьенех, сацаелахь, со схьакхечи хьуна. Шун некъ дика хуьлда! Де беркате догIийла!», – аьлла, охьавоьссира со.
Делахь а, тахана а дагара-м ца йолу оцу зудчо хIоттийна кеп а, цхьаьна догIуш доцу куц а, дастаме бага а, оьзда хиджаб а…
С.ЦАДАЕВ
№55, мангалан (июль) беттан 23 де, 2019 шо