Россин чемпионатехь совгIаташ даьхна

ХIокху деношкахь Сочехь (Краснодаран мохк) дIаяьхьира паргIатчу кепара охьатохархлатарехула Олимпиадел хьалхара Россин чемпионат.

Цигахь дакъалоцуш бара дуьненан, Европин, олимпиадийн чемпионаш, паргIатчу кепара охьатохархлатарехула Россин тоьлла спортсменаш.

Вайн республикин цIарах цигахь дакъалецира «Ахмат» клубан спортсменаша.

Къийсадаларш деа дийнахь дIадаьхьира.

Цигахь дашо мидал яьккхира вайн махкахочо Жабраилов Iалихана (86 кг.), дато мидалш ехира: Сайдулаев Муслима (57 кг.), Жамалов Разамбека (70 кг.), йоьза мидалш – Абакаров Зелимхас (120 кг.), Яхиев Хамдас (95 кг.), Хизриев Зелимхас (74 кг.).

СовгIатан меттигаш яьхна спортсменаш Россин вовшахтоьхначу командина юкъагIур бу.

З.ШИШХАНОВА
№55, мангалан (июль) беттан 23 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: