«Россин хьехархо – 2019» конкурсан мур – Нохчийчохь

Ерригроссин хьехархойн «Россин хьехархо – 2019» конкурсан финалисташна лерина семинар дIаяьхьира Москвахь. Россин 85 субъектехь дIаяьхьначу хьехархойн регионан «Шеран хьехархо» конкурсехь толам баьккхина 85 хьехархо вара оцу семинарехь дакъалоцуш. Нохчийчоьнан «Шеран хьехархо», Соьлжа-ГIалин №60 йолчу школин ингалсан меттан хьехархо Ацаев Хизир а вара цигахь дакъалоцуш.

Финалисташна, Россин регионийн «Шеран хьехархошна» леринчу семинарехь лекцеш а йийшира, консультацеш а йира, мастер-классаш а дIаяьхьира хьалха дIаяьхьначу конкурсийн толамхоша а, вовшахтохархоша а. Иштта, конкурсанташна йовзийтира рогIера конкурс дIахьон йолу регион, аьлча а, Нохчийн Республикех лаьцна дийцира царна.

Нохчийчохь и конкурс дIаяхьарна жоьпалле болчу Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствон Къоман дешаран политикин а, регионан юкъаметтигийн а отделан куьйгалхочо Султанова Хьулимата а, Хь.Ибрагимовн цIарахчу №1 йолчу математикин школин директора Токашева Луизас а, Соьлжа-ГIалин №14 йолчу гимназин директора Хаджиева Марема а конкурс дIаяьхьаран план йовзийтира.

Цара дIахаийтира шаьш конкурс дIаяьхьа кийча хилар а, лаккхарчу тIегIанехь иза дIахьуриг хилар а.

Вовшахтохараллин комитето а, конкурсан финалисташа а, резахилла, тIеийцира нохчийн векалийн презентаци.

«Россин хьехархо» конкурсана леринчу семинарашкахь дуьххьара эссе язъян дийзира рогIерчу финалистийн. «Хьехархо а, дешархо а цхьаьна кхуьу» цIе йолуш, хIокху заманахь хьехархо а, дешархо а цхьаьна кхиа везаран бахьана, кхиа везаран нийса некъ, иштта, дуккха а коьрта теманаш а хьахош язъян езаш яра эссе.

Конкурсан ламаст ду, конкурсан рогIера толамхо волчу регионехь иза дIаяьхьар. Иштта, Ерригроссин хьехархойн «Россин хьехархо – 2018» конкурсан толамхо хилира журналист, яздархо, Хь.Ибрагимовн цIарахчу №1 йолчу математикин школин обществознанин предметан хьехархо Динаев Iалихан.

Цундела финалисташ Нохчийн Республикехь цхьаьнакхетар бу товбецан (сентябрь) беттан 20-чу дийнахь. ШолгIачу дийнахь вовшахтохаран-методикин семинар дIахьур ю Россин регионийн «Шеран хьехархошца».

Товбецан беттан 22-чу дийнахь Нохчийн пачхьалкхан театран-концертийн залехь даздаран хьолехь дIахьур ду «Россин хьехархо – 2019» рогIера конкурс ерзоран тIаххьарчу муьран болх дIаболоран цхьаьнакхетар.

Товбецан беттан 23–27-чуй деношкахь №14 йолчу гимназехь а, Хь.Ибрагимовн цIарахчу №1 йолчу математикин школехь а «Дарс» а, «Дарсел арахьара гIуллакхаш» а хьалхара очни кепара мур дIахьур бу финалисташна юкъахь.

Товбецан беттан 28-чу дийнахь «Firdaws Grand Hall» даздаран цIийнехь билгалвоккхур ву очни кепан хьалхарчу муьран 15 толамхо.

Уьш, цул тIаьхьа, шолгIачу муьрехь, товбецан беттан 29-чу дийнахь «Мастер-класс» а, товбецан беттан 30-чу дийнахь «Дешаран проект» а зерех чекхбевр бу.

Эсаран (октябрь) беттан хьалхарчу дийнахь, шолгIачу муьран 5 толамхо билгалвоккхур ву.

Москвахь дIахьон йолчу конкурсан тIаьххьарчу «Министраца къамел» а, «Публикин лекци» а зерах чекхвер ву и 5 толамхо.

Циггахь билгал а воккхур ву «Россин хьехархо – 2019» конкурсан толамхо.

ВЕГИЕВА Макка
№55, мангалан (июль) беттан 23 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: