Нохчийн Республикехь «МогашаллаIалашъяр» къоман проект кхочушъяран гурашкахь «Онкологин цамгаршца къийсам латтор» регионан проектаца дуккха а гIуллакхаш ду Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министерствон куьйгалло дIахьош.

Иштта, республикин Онкологин диспансерехь дIаяьхьира онкологин цамгарца бала хьоьгучарна лазар дайдаран Iалашонца яздечу шайца наркотикаш йолчу анальгетикийн хьокъехь Iилманан-практикин конференци. Конференцин цIе «Наркотикийн анальгетик: бакъонийн, вовшахтохараллин, клиникин агIонаш» яра.
Кхузаманан медицине дукхах йолу цамгарш эшалуш ю, амма цхьаерш къар ца луш юьсу. Иштта хьал хIоьттинчунна гIо оьшу, медицинин маттахь аьлча, паллиативни гIо. Цуьнан декхар ду дархочун лазар лахдар а, дIадаккхар а.
Паллиативни гIо даран службин болх мехала, маьIне бу вайн регионехь хилла ца Iаш, ерриге а пачхьалкхехь а.
Нохчийн Республикехь тIаьхьарчу шерашкахь кхиъна йогIу и служба. Масала, кIоштийн коьртачу больницашкахь схьайиллина паллиативни гIо даран отделенеш. Лазаро хьовзийначу дархочунна гIо до цигахь.
Конференцин балхахь дакъалоцуш бара: Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министр Сулейманов Эльхан, Санкт-Петебургерчу химин-фармацевтикин университетан директор Синотова Светлана, Ярославлан медицинин университетан фармацевтикин технологин кафедрин заведующи Сидоров Александр, ткъа иштта, Нохчийн Республикин онкологин туьшан коьрта лор Товгереева Марина.
Хьешаша йинчу докладашкахь шайн балхана дуккха а пайдехь дерш карийра нохчийн лоьрашна. Паллиативни гIо даран служба кхиорехь мехала хьехарш дира цара.
Конференци чекхъяьлча Нохчийн Республикин онкологин туьшехула экскурси йира хьешаша. Туьшан операцин блокан техникин хьелаш а, белхан хьал а гира царна, иштта, анестезиологин-реаниматологин отделене а хьаьвсира уьш.
Къаьсттина лерина хьаьвсира уьш туьшан паллиативни гIо даран отделенехь долчу хьелашка. Цигахь хуьлу IV-чу тIегIанан онкологин цамгарш йолу дархой.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№55, мангалан (июль) беттан 23 де, 2019 шо